Эладитанча Iораяьккхина

   Вайнаха гуттар а бехкедеш хилла эладитанаш а, уьш даржош берш а, хIунда аьлча иза доккха зулам хиларна. Де-буьйса ца лоьруш, шайн ницкъаш ца кхоош, нохчийн халкъан дахар зовкхе дан гIерташ, республикин гIаланаш, ярташ, урамаш, керла гIишлош еш, тодан, куьце дало гIерташ болу куьйгалхой бехкебеш, эладитанаш даржор Дала а, наха а бехкедеш хилла ца Iаш, къилахь а ду.

   Социальни сеташкахь а, мобильни мессенджерашкахь а даржош дара Нохчийчоьнан яхархочун дIаяздина къамел. Цо Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна аьрзнаш дора регионехь хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх мах нийса ца боккху, бохуш.

И зуда кхиазхойн Iела-Юьртан социально-реабилитацин туьшахь болх беш йолу Нохчийчоьнан Теркан районера Инаева Iайшат хиллера.

I.Инаевас оьгIазъоьхуш ю, коммунальни хьашташ кхочушдарх ахча дIа ца делча шен белхан алапа сецадо, ткъа районан администрацин куьйгалхочо доьху хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх ахча хьалххе дIадалар, бохуш дуьйцура.

Цул сов, шен «кхайкхамехь» цо Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна критика йо культурин белхахойн а, спортсменийн а гIолацарна, цуьнца цхьаьна, Инаевас дийцарехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо тергал ца йо могIарерчу адамийн проблемаш.

Р.Кадыров цхьаьнакхийтира I.Инаеваца. «Грозный» ЧГТРК-хь дIаяьхьначу леррина йолчу репортажехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо зудчуьнга доьху цуьнан бакъонаш кхочуш ца яран бакъдолчарех лаьцна дуьххьалдIа йолчу эфирехь дийцар.

Амма цуьнан ала хIума ца хуьлу.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира дуьненан ерриге а пачхьалкхашкахь коммунальни хьашташ кхочушдарх бахархоша ахча луш хилар.

– Масала, Дубайн бахархошкара бутт чекх а балале дIаоьцу ахча. Нагахь санна вахархочо хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх ахча дIа ца делча, оцу сохьта сетах дIахадаво иза, – бохура цо.

Цхьаьнакхетарехь хиллачу Теркан районан администрацин куьйгалхочо Куцаев Шемала дийцира: «Кадыров Рамзана гIолацар бахьана долуш тхо долчохь хIусамашца кхачо йина 116 доьзална, иштта дина масех цIа. Цул сов, районан ярташкахь некъаш тодина, хийцина ширъелла электропередачийн линеш, йина берийн бошмаш, школаш, социально-экономически кхийолу объекташ, гIодина гIийлачу доьзалшна».

Кхуззахь гучуделира ИнаевагIеран цIеношна тIе газопровод Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Региональни юкъараллин фондо ялийна хилар.
Республикин Куьйгалхочо кхин цкъа а хотту: «Иза дерриге а хьайна хууш доллушехь, ахь эладитанаш хIунда даржадора?».

Цунна юха а жоп ца ло, йист ца хуьлу зуда.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, зуда кхетош, дийцира ша артисташна а, спортсменашна а гIо хIунда до.

– Вай декхарийлахь ду дуьненна вешан культура, гIиллакхаш, Iадаташ гайта. Культурин белхахоша ца гайтича, кхин хьан гойтур ду иза.

Спортсменех аьлча: нохчий гуттар а хилла бIаьхой, цундела царна дукхаеза спорт. Уьш иштта гIо дан хьакъ бу. Вайна хууш ду спортсменаша мел къахьоьгу. Царех дукхах болчеран ур-аттал шайн хIусамаш а яц! Ас царна гIо дан а дина, гIо дийр а ду, – билгалдаьккхира цо.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Iайшатан цIийнада Инаев Мохьмад. Цо дийцарехь, цуьнан белхан алапа а ца сацийна, шеца нийса  доцург лелош ца хааделла цунна.

Шайгара ледарло яларна ИнаевгIар Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга а, цуьнан доьзале а, иштта республикин бахархошка а дийхира шайна къинтIера довлар.

Билгалдаккха деза и гIуллакх Нохчийн Республикехь йоккхачу оьгIазаллица, бехкедарца тIеэцна хилар. Эладитанча емалъеш кехаташ яздина республикин бахархоша.

Цуьнца цхьаьна оцу эладитанах пайдаэца гIоьртира питанчаш. Цара цунна юххе йиттина йолчу зудчун сурт латийра. Суьрта тIера зуда Iайшат ю бохуш, и сурт даржо волавелира цхьаъ.

Республикин бахархошна дагадаийта деза юкъараллин-политически хьал талхо гIерташ долу адамаш вайна юккъехь хилар. Цара пайдаоьцу уггаре а зуламечу кепех. Харцдерг, эладита, дагадеанарг дийцар, Iехор, питанаш – иза дерриге а долуш ду нохчийн халкъан мостагIийн.

 

Бусалба стаг кхеташ хила веза  иштта гIуллакхаш хилийта йиш цахиларх, хIунда аьлча ислам дино харцдерг дийцар а, эладита лелор дихкина.

С.ТАЛАЕВ

 

№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: