Бина болх дукха белахь а, дан дезарш кхин а алсам ду

Кху деношкахь Нохчийн Республикин «Грозный» пачхьалкхан телерадиокомпанехь «Точки опоры» передачехь республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш цхьаьнакхийтира. «Кхузаманан дуьненахь СМИ-н маьIна: хаамийн тIом – хIинца долуш дерг» иштта цIе йолуш яра цигахь йийцаре йина йолу тема.

 IMG_9564

Мероприятехь коьрта эксперташ а хилла, хаттаршна жоьпаш луш бара:  Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнча Алиев Тимур, «Вайнах» телерадиокомпанин директор Ельсаев Iаламахьад, «Грозный» экспертни клубан куьйгалхо Ефремов Дмитрий.

Передача дIайолош, и дIахьош волчу журналиста Баширов Сайд-Мохьмада билгалдаьккхира цхьаьнакхетаран Iалашо хIокху шарахь республикин шуьйрачу хаамийн гIирсаша бинчу балхана жамIаш дар хилар.

– Вайн таханлера цхьаьнакхетар чIогIа оьшуш а, мехала а ду. Вайна хууш ма-хиллара, 2015-чу шарахь Нохчийчоьнна а, Россина а дуьхьал цхьаболчу хаамийн гIирсаша харц дерг дийцина, иштта вайн журналисташа царна дуьхьало а йина, – бохура цо.

Цу декъехь шена хетарг а, харцдерг дуьйцучаьрца хаамийн тIом латторах а лаьцна дийцира шен къамелехь Д.Умаровс.

– Суна хазахета хIара цхьаьнакхетар хилла, хIокхо вайн уьйраш чIагIйо. Нохчийн журналисташа кху шарахь алссам белхаш бина, амма вайн малдала а, гIелдала а йиш яц, хIунда аьлча харцдерг даржош берш кхин а тIетаIарна кхерам бу. Цхьа а бух а боцуш, цхьацца хIуманаш а кхуллуш, республикех а, къаьсттина Нохчийчоьнан Куьйгалхочух Кадыров Рамзанах а лаьцна харцдерг дуьйцуш бара цхьаболу Россин а, кхечу пачхьалкхийн а журналисташ, царна вай хьакъ ма-дду дуьхьало йина. Хьалхаваьлла Кадыров Рамзан хилча, хала дац уьш совцо, – дийцира Д.Умаровс.

Нохчийчоьнан журналистийн союзан председатель Хатуев Ислам а вистхилира цхьаьнакхетарехь. Цо бовзийтира союзо беш болу болх.

– Тахана йийцаре еш йолчу темица кху шарахь дикка болх бина республикин журналисташа. Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон гIоьнца журналистийн союзо къона журналисташ кхиорехь белхаш бина. Цу декъехь Нохчийн пачхьалкхан университетаца а, къоначу корреспондентийн школица а цхьаьна гIуллакхаш а дина оха, – элира цо.

Эксперташа а, журналисташа а, студенташа а шайна хетарг дуьйцуш дIаяьхьира передача.

 

Р.РАМЗАНОВ

Авторан сурт

№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: