Дала Шен Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхолларца базбина баийтинчу РаббиIул-Аввал батте даьхна вай Шен къинхетамца. Бусалбанийн берриге а мехкашкахь а санна, оцу беттан хьурмат а деш, Нохчийчохь а билгалдоккхур ду Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де-буьйса. Цунна лерина Iамал-Iибадат дар дIахьур ду республикерчу бусалбанаша ерриге а ярташкахь, районашкахь, гIаланашкахь кху шеран 23–24-чуй декабран деношкахь.
Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» цIе йолчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу маьждигехь вовшахкхетар бу вайн республикера а, Россин тайп-тайпанчу субъекташкара а, дозанал арахьара а бусалбанаш. 23-чу декабрехь 11 сахьт 30 минот яьлча дIадолор ду цигахь Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денна лерина Iамалш яр. Суьйранна ялх сахьт даьлча маьждигехь дIахIиттор ю вайн Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ассараш. Цаьрга хьовса аьтто хир бу массеран а. И еза буьйса бусалбанаша дIахьур ю Къуръан доьшуш, АллахI а, цуьнан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а хестош мовлад доьшуш, назманаш олуш, Деле доIанаш деш.
Буьйсанна шийтта сахьт даьллачул тIаьхьа, 24-чу декабран Iуьйранна исс сахьт даллалц юкъараллин ерриге а транспорта тIехь маьждигехь Iамал-Iибадат дан богIуш берш маьхза дIасабуьгур бу. Iуьйранна пхи сахьт даьлча, маьждигана хьалхарчу майданашкахь зуькарш дийр ду тайп-тайпанчу вирдашкахь болчу бусалбанаша (Кунта-Хьаьжин, Бамат-Гири-Хьаьжин, кхечу устазийн мурдаша).
Iуьйра ламазна молла кхайкхале хьалха, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де даздеш шатлакх лур ю. Маьждигехь дечу Iибадаташкахь дакъалоцуш хир бу вайн цIеяххана Iеламнах. Цара дуьйцур ду Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу валарх а, цуьнан дахарх а, иза ваийтарца АллахIа бусалбанех бинчу къинхетамах а лаьцна.
Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла хIара РаббиIул-Аввал бутт карабеачхьана дуьйна а Нохчийчуьрчу бусалбанаша алсамдаьккхина Къуръан дешар, салаваташ дахкар, кхийолу Iамалш яр. Уьш сатесна Iаш бу Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла буьйса тIекхачаре.
С.ЦАДАЕВ
№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо