Цхьа-ши дош…

   Таиландехь Iинах яхана тIехь туристаш хилла автобус. Оцу некъан бохамехь 12 стаг кхелхина, 12 стаг лазийна.

***

   Шеман Iедалан эскарша Алеппо провинцина къилбехь йолу Хан-Тоуман гIала схьаяьккхина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара.

***

   Шемахь долчу Россин тIеман кеманаша хIора дийнахь 30-зза сов тохарш до «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн объекташна.

***

   Иракан Iедалан векалша дIахьедина США коьртехь йолчу коалицин кеманаша бомбанаш, ракеташ тохар бахьанехь маьрша исс стаг вийна хиларан хьокъехь.

***

   Мексикехь некъан-транспортан бохам хилла. Цигахь 15 стаг кхелхина, 30 гергга стаг лазийна.

***

   Чинин къилбехь юха а токхамаш хилар бахьана долуш дукха гIаьтнаш долу ткъех цIа а, ши юкъарIойла а йоьхна, 60 стагах хилларг цкъачунна хууш дац.

***

   Индонезехь бурам хи буха бахана. Цу тIехь хиллачу нахах 40 стаг кIелхьараваьккхина, 70 стагах хилларг хууш дац. Уьш лохуш бу.

***

   Стамбулехь полицин векалша бIаьрг белхочу газаца дIасалаьхкина митингехь хилларш. Урамашка бевллачара Хонкаран Iедале доьхура курдашна дуьхьал беш болу тIом сацабар.

***

   КIирандийнахь Испанехь дIабаьхьира Парламентан харжамаш. Юьхьанцарчу жамIашца толам баьккхина «Халкъан партис». Иза Iедалан векалийн парти ю.

***

   Узбекистанан дозанхоша шайн дозанех сехьа бовлучаьргахь гучу а евлла схьаяьхна 33 кийла наркотикаш. Уьш Таджикистанера схьайохьуш хилла.

***

   Казахстанан а, Кубин а Iедалан куьйгалхоша куьйгаш яздина 2016-чу шарахь дуьйна шина пачхьалкхана юкъара визийн раж дIаяккхаран хьокъехь болчу бартана.

***

   Украина Россина 3 миллиард доллар декхар схьадала дагахь йолчух тера дац. Стомара схьаделла хила дезаш дара иза. ХIинца дуьненаюкъарчу суьдан кхиэлаца схьадаккха дезар ду.

***

   Волгоградехь газ эккхар а, цул тIаьхьа цIе ялар а бахьана долу исс гIат долчу цIийнера 36 хIусам йоьхна, 12 стаг лазийна, царах кхоъ бер ду, 5 стаг кхелхина. Хетарехь, саьлнаш кIелахь а висина масех стаг.

 

№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: