Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмехь йолчу шен агIон тIе яьккхинчу видео тIехь республикин Куьйгалхочо некъан боламан бакъенаш талхош тидам хиллера интернетах пайдаэцархойн.
Интернета чу яьккхинчу видео тIехь Р.Кадыров шен доьзалца машен чохь воьдуш ву. Республикин Куьйгалхочун Инстаграман терго еш болчу интернетах пайдаоьцучара сихонца тидам бира водитель а, цуьнца машен чохь берш а кхерамазаллин доьхкарш дIатесна цахиларан. Цу хьокъехь цара видеон бухахь йолчу комментарешкахь яздира.
ТIаьхьуо, цу бухахь Кадыров Рамзана комментари язйира, Нохчийн Республикин МВД-н УГИБДД-н куьйгалхочо Денилханов Шамхана гIуда тоьхна шена, аьлла.
«Полковника сиха тидам бира. Протокол а хIоттийна, гIуда туьйхира суна. Оршот дийнахь, Дала мукъ лахь, д1алур ду ас иза», – яздинера Р.Кадыровс. Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира, ша бехказавала гIортарх шен гIуллакх цахилар а, тIаккха ша, закон кхочушдеш гражданин хиларе терра, шега аьлларг дина хилар а.
«Некъан боламан кхерамазалла вуно доккха маьIна долуш ю. Со светофорашкахь саца а соцу, некъан билгалонаш лар а йо ас. ХIинцачул тIаьхьа кхин а лерина дийр ду ас иза. Шуьга массаьрга кхойкху вовшашца гIиллакхе хиларе, некъан боламан бакъенаш ларъяре!» – яздо Кадыров Рамзана социальни сетехь. Иштта цо билгалдаьккхира машен чохь берашна леррина меттиг (гIант) хила езаш хилар шена хууш хилар, шаьш видеоролик йоккхуш чу хевшина хиларна, машен чохь берийн гIенташ цахилар а, кхерамазаллин доьхкарш дIатасаза хилар а. Республикин Куьйгалхочо иштта кхетийра некъан боламан бакъенаш талхоран бахьана. Бакъенаш ца ларйича, хьеннан а жоп дала дезарг хилар гайтина Р.Кадыровс шен масалца.
А.ХАСБУЛАТОВА
№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо