Соьлжа-ГIаларчу БIаьрзе а, бIаьрса ледара долчу а берашна лерринчу коррекционни школа-интернатехь берашна лерина некъан боламан бакъенаш йовзийтаран гIоьналлин спектакль гайтира Къоначу хьажархочун театран оьрсийн труппин актераша. Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин ОГИБДД-н пачхьалкхан инспектора, полицин капитана Бекиев Шамсудис театран директоре Сагаев Мусага дехар дарца баьхкина бара къона актераш.
Зеделларг долу а, хIинцца балха баьхкина а актераш бара спектаклехь дакъалоцурш. Берашна кхета атта долчу агIор хIоттийна музыкальни спектакль яра иза. Берашна некъан билгалонаш (дорожные знаки) йовзийтаран Iалашонца хIоттийна яра спектакль. Масала, светофорах лаьцна иштта дуьйцура цара:
«Дукха хенахь дуьйна некъа йистехь лаьтта,
Массарна а евза светофор. Шу кхерамах лардо цо.
Хьалххе дуьйна шуна хьоьху. ЦIен бос летта:
ДIаваха ца мега, иза массарна а хаьа.
Можа бос летта: кечло хIинца, боху цо.
Баьццара бос летта: некъ маьрша бу! ДIаваха мега!..»
Спектаклан коьрта турпалхо хиллачу Дядя Степас берашка, некъан билгалонаш хаьий хьожуш, хаттарш дира. Масала: «Кхо са болчунна юкъахь лаьтта белаца стаг», «Велспет тIехь йолчу», иштта кхечу некъан билгалонаша хIун боху. Берашна дика хиира шайга динчу хаттаршна жоьпаш дала.
«Дахар чолхе ду. Уггаре а хьалха шуна хаа деза зуламечу хьолах лардала. Шу дерриге а школе лелаш ду. Хьалха дайша-наноша дIасадуьгура шу. Ткъа тахана шух дукхахдерш шаьш дIасадоьлху. Кхин цкъа а боху оха, Iамаелаш некъан боламан бакъенаш. Шуна уьш евзаш хилча бен синтеме хьал хIуттур дац вайн некъашкахь. Iодика йойла шун», – цхьаьний аьллачу дешнашца ерзийра актераша спектакль.
«Некъан боламан бакъенех дерг школехь хьоьхуш делахь а, спектаклехь гайтича гIолехь дIалоцу бераша. Царна массо хенахь а дуьйцуш, хьоьхуш хила деза некъан билгалонех дерг. Могашалла ледара йолчу берашна пайда хилийта лууш вовшахтоьхна гIуллакх дара хIара. Кхеран терго еш хилча Делера ял хиларе сатуьйсу-кх», – элира Бекиев Шамсудис.
Л.ИБРАГИМОВА
№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо