«Дато бухIа»

«Нохчийн Республикин Интеллектуальни туш» регионан юкъараллин организацин хIора шеран премийн Вовшахтохараллин комитето хьашто йолчу юкъараллин а, пачхьалкхан а организацешкий, учрежденешкий, дешаран заведенешкий, кхоллараллин союзашкий, кхечаьргий дIахоуьйту Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан премин лауреатан цIе яккхарехьа йолчу конкурсехь дакъалацарна йолу заявкаш дIаоьцуш хилар.

Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан премийн хьокъехь долчу хьелашца нийса а догIуш, лауреаташ билгалбахар дIахьур ду кху номенацешкахула: «Декхарна тешаме хиларна», «Iилма», «Дешар», «Литература», «Искусство», «МогашаллаIалашъяр», Синъорамаш» «За подвижничество», «Шеран хьехархо», «Журналистика», «Къона интеллектуал». «Декхарна тешаме хиларна» номинацехь лауреат билгалвоккху Нохчийн Республикал арахьа бехаш а, Россин Федерацин дIакъасто йиш йоцу дакъа хиларе терра нохчийн халкъ кхиоран гIолоцуш а болчу интеллектуалашна юкъара. «Нохчийн Республикин Интеллектуальни туш» регионан юкъараллин организацин премица совгIаташ до нохчийн юкъаралла социально-экономикин, ийманехь-оьзда кхиорехь баккхий кхиамаш баьхначу юкъараллин, политикин, пачхьалкхан гIуллакххошна, Iилманан, дешаран, искусствон, литературин, могашалла Iалашъяран векалшна. Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан хIора шеран премеш дIаяларна лерина даздарш дIахьур ду 2016-чу шеран 5-чу мартехь. Конкурсехь дакъалацарна лерина заявкаш а, документаш а схьаоьцу 2016-чу шеран 1-ра февраль тIекхаччалц кху адресца: Соьлжа-ГIала, Олимпийски проезд, Киевски урам, 33, Нохчийн Республикин Интеллектуальни туш. Телефон:8(938) 001–00–55; 8(928)735–30–50. * * * Нохчийн Республикин Интеллектуальни туш преми яккхарехьа йолчу конкурсехь дакъалацарна оьшуш долу документаш:   1. Хьалхатоттучу организацин мухIар а, куьйгалхочо яздина куьг а долу хьалхататтаран протокол. 2. Автобиографи. 3. Характеристика-магор, хьалхатоттучун кхиамаш, хьуьнарш билгал а дохуш. 4. Электронни кепехь бос болу сурт. 5.  «Iилма», «Дешар», «Литература» номинацешкахь конкурсан дакъалацархоша тептаршна юххе йилла еза арахецначу белхийн список, уьш арахецна хан билгал а йоккхуш.

Вовшахтохараллин комитет

  №146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: