С.В.Михалковн цIарахчу республикин Берийн библиотекехь «Тонко хIаллакбинарш» аьлла цхьаьнакхетар хилира. Кегийрхошна шайн могашаллина пайдехь дерг марздаран Iалашонца вовшахтоьхнера и гIуллакх. Цигахь дакъалецира Соьлжа-ГIалин №20 йолчу школин лакхарчу классийн дешархоша.
Йийцаре йира хIара теманаш: «Могаш хилар хIун ду?», «Тонкан исторех», иштта кхидIа а.
Берийн библиотекера хьашташ кхочушдаран отделан заведующис Балатбиева Мадинас билгалдаьккхира, могашалла хIора а адаман дахарехь уггаре а коьрта хилар.
«Могаш хила лаарх ца тоьа. Цу юкъа дуккха а хIума догIу, масала, кхача пайдехь берг баар, къинхьегаман а, садаIаран а низам лардар, ц1ена лелар», – элира цо.
Балатбиева Мадинас тонкан исторех лаьцна дийцира дешархошна. Дешархойн хаа таро хилира, Россе тонка дуьххьара маца, мичара деана а. Цунах долучу зуламех лаьцна а дийцира царна. М.Балатбиевас оцу тайпа хIуманах ларбалар дийхира цаьрга. Тонка бахьана долуш хуьлучу цамгарех (инсульт, инфаркт, и.дI.кх.) лаьцна дуьйцуш къаьсттина лерина ладуьйгIира дешархоша.
Цул тIаьхьа, дешархошца викторина дIаяьхьира. Тонкех лаьцна шайга диначу хаттаршна жоьпаш делира цара. «Жимачохь дуьйна ларъе могашалла», «Наркотикаш – боданан аре» книгийн гайтаме хьажа а таро хилира церан. Леррина хьаьвсира уьш хIора а книге. Цу тIехь берзийра «Тонко хIаллакбинарш» цхьаьнакхетаран болх.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо