Дешаран керланаш

«Кхечу къаьмнийн меттанийн хьехархо –2015»

   ХIокху шеран 14-чу декабрера дуьйна дIахьош яра «Кхечу къаьмнийн меттанийн хьехархо – 2015» республикин конкурс. Цхьана муьрехь дIахьур долчу оцу къийсадаларшкахь дакъалаца лууш кехаташ чуделлера 50 хьехархочо.

   Конкурс дIаяхьаран Iалашо яра дешаран дикалла а, хьехархойн говзалла а лакхаяккхар, уггаре а дика хьехархой къастор, кхузаманан школашкахь кхечу къаьмнийн меттанаш хьехаран кеп кхиор, тьюторийн декъехь болх байта уьш кечбар (хIора дешархочунна, студентана оьшуш йолу программаш кечйо тьюторо), кхоллараллин декъехь болх бечу хьехархойн гIолацар.

Жюрина юкъабогIура Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон а, Нохчийн дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран институтан а, корматаллин юккъерчу а, лаккхарчу а дешаран учрежденийн а векалш.

Цара къастор ву цхьа толамхо, виъ лауреат, 10 финалист. Иза тахана хир ду. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIила, оцу конкурсан дакъалацархошца дIаяьхьначу семинарехь, хаийтира тоьллачу хьехархоша Европерчу вузашкахь стажировка дIахьуриг хилар. Цо дийцарехь, министерствос вовшах а тоьхна, «Teacher Training Courses» программин гурашкахь, хьалхо Оксфордехь а, Кембриджехь а шайн хаарш тIедуьзна вайн республикерчу кхечу къаьмнийн меттанийн 60 хьехархочо. Август беттан шина кIиранах царна лерина 50 болх дIабаьхьна Ингалса мехкан говзанчаша.

 

«Школа а, юкъаралла а»

   Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос дIаяьхьира «Школа а, юкъаралла а» цIе йолу республикин дешаран форум. Цигахь дакъалоцуш бара муниципальни урхаллийн дешаран декъан куьйгалхой, хьехархой, Iилманчаш-практикаш, масех регионерчу дешаран декъан белхахой.

    Форумехь Россин Президентан премин лауреат волчу Просвиркин Владимира «ТIейогIучу хенахь стеган кхиар а, цуьнан говзалла а» темина доклад йира. ТIейогIучу хенахь хиндолчу дешаран кепах а, пачхьалкх кхиаран некъах а, иштта кхечу проблемашна а лерина яра иза. «Дешаран дикаллин мах хадоран туьшан» директора Бечиев ШахIрудис – «Нохчийн Республикехь дешаран дикаллин мах хадоран гIуллакхаш» темина, «БIаьрзечеран а,  бIаьрса ледара  долчеран а лерринчу (коррекционни) школа-интернатан директора Гайрабеков Аюба – «Могашалла ледара йолчу берийн проблемаш а, уьш дIаяхаран некъаш»  темина докладаш йира.

Къинхьегамехь билгалбевллачу хьехархошна совгIаташ дира. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн указца «Къинхьегамехь билгалваларна» сийлаллин знакашца ши хьехархо билгалваьккхира, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Сийлаллин грамоташца – ши хьехархо, «Россин Федерацин юккъерчу дешаран «Сийлаллин белхахо» цIе елира 16 хьехархочунна. Оцу совгIаташца уьш декъалбира дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIила.

 

Л.ДАУТОВА

№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: