«Эдельвейс» – Европин чемпионатехь кхоалгIа

Гуьржийчоьнан пачхьенехь чекхъяьлла дзюдохула клубашна юкъахь Европин чемпионат. Францера, Гуьржийчуьра, Италера, Латвера, Россера, Нидерландашкара, Словакера 13 клуб яра чемпионатехь дакъалоцуш. Царах 4 команда Россин гIаланашкара яра (Соьлжа-ГIала, Нальчик, Тюмень, Екатеринбург). Тоьлла спортсменаш – Олимпийски ловзарийн, дуьненан, Европин чемпионаш – бара клубийн цIарах леташ. Нохчийчуьра «Эдельвейс» команда коьртачу декъана къоначу дзюдоистех вовшахтоьхна яра (Шамилов Якъуб, Дзайтаев Илес, Сагаипов Сайд-Салахь, Сагаипов Исраил, Азизов Iабаз, Эскерханов Iадлан, Жамбеков Сайд-Эми, Башаев Тамерлан).спорт

   Хьалхарчу тасадаларехь жамI 4:1 долуш Францера клуб эшийра «Эдельвейсо», амма шолгIачу цхьаьнакхетарехь, жамI изза долуш, вайн командал туьйлира Гуьржийчуьра клуб. Оцу иэшаро финале некъ бихкинехь а, кхин а кхаа команди тIехь толам баьккхина, чемпионатан йоьзан мидалш яха ницкъ тоьира вайн дзюдоистийн.

Европин чемпионатехь кхоалгIа меттиг яккхар «Эдельвейсан» дика кхиам лара догIу.

Хь.АБАЕВ

 

№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: