Толам баккха лаам онда хилча

Март баттахь хинйолчу Россин хьалхеяккхаран чемпионатана кечамбеш Соьлжа-ГIалара «Терек» шайн хьалхарчу сборан тIаьхьарчу ловзарехь цхьаьнакхийтира Албанерчу Дуррес гIаларчу «Теута» командица.

СоьлжагIалахошна юккъехь Премьер-лигехь дика бевзаш а, наггахь бен ловзуш боцу а футболисташ бара цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш, бакъду, цара ловзар доха ца дора. Шоллаг1чарех волу «Терек-2» фарм-клубан капитан Тагилов Мурад а, тIелатархо Ахъядов Апти а къаьсттина дика ловзура. Шаьш премьер-лигехь ловза хьакъ хилар ч1аг1деш къахьоьгура цара майданахь.

Албанин чемпионатехь тоьллачарех йолчу  «Теутаца» матч атта хир йог1ийла хууш дара. Цхьаьнакхетар доттагIаллин хиллехь а, толам баккхар бен кхин жамI тIеэца дагахь бацара нохчийн футболисташ. Цундела матч дIайолаяларца тIелатарш долийра соьлжагIалахоша. Хьалхарчу таймехь билгалбовла масех таро хиллехь а, счет схьаелла 41-чу минотехь бен ка ца елира. Гол тохарца шен цIе серлонан таблон тIе дIаязъяйтинарг вара Грозав Георге (болельщикашна хоийла лаьа и буьрка цо «Терекан» юккъехь волуш дуьххьара тоьхна хилар). Счет 1:0 йолуш садаIа яхара командаш. СадаьIначул тIаьхьа а шайн тIелатарш г1ел ца дира Соьлжа-ГIаларчу «Тереко». «Теутан» футболисташа а туьйсура вайн командин кевна кхерамаш, бакъду хьалхарчу таймехь Годзюр Ярослав а, шолгIачу таймехь цунна меттана майдана юкъаваьлла хилла волчу Кобозев Евгений а шайн балхаца дика ларйира. 69-чу минотехь Канус шоллагIа гол туьйхира албанхойн кевна. Ткъа цхьаьнакхетар чекхдала пхийтта минот йисинчу хенахь вайн къоначу защитнико Тагилов Мурада кхоалгIа гол туьйхира «Теута» командина. Дуьхьал ловзуш хилла болу футболисташ тIах-аьлла хиллехь а толам баккхарна тIехь лаам совнаха хиллачу соьлжагIалахой жамI 3:0 долуш, туьйлира.

Билгалдаккха догIу, Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» хьалхара сбор 26-чу январехь чекхъяьлла хилар. Ткъа шоллагIа сбор йолалур ю 31-чу январера 11-чу феврале кхаччалц.

А.АБДУЛАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: