Кхиазхойн кхиамаш

Пермь гIалахь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула 1999–2000-чуй шерашкарчу кхиазхошлахь хьалхе яккхаран Ерригроссин турнир. Вайн Республикера цигахь дакъалоцуш вара 4 спортсмен.

     Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Цигахь шолгIа меттиг яьккхира Бетельгириев Адама  (100 кг), кхоалгIа меттиг – Бетермирзаев Ислама (58 кг), Ахмадов Шемала (63 кг). И къона спортсменаш  вайн республикерчу РДЮСШ-ра бу. Оцу  кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш. Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: