Физиках а, лириках а

(физико-математикин Iилманийн докторан, профессоран Дадашев Райкоман 65 шо кхачарна лерина)

   Нажи-Юьртан к1ошт… Вайх хIора а тоххара воьлла Нохчийчоьнан уггаре а хазачарех цхьаъ йолчу цу кIоштара алссам яздархой, илланчаш, артисташ бевлла хиларх. Цхьа шатайпаллийца къеста башха Iалам, хIаваъ ду цигахь ойла исбаьххьаллин хорша ерзош, дахарх самукъадоккхуш, Даймахке безам чIагIбеш. Цундела хила там бу халкъан а, мехкан а дозалла хилла дIахIиттина дуккха а адамаш цигара  довлар. Царах цхьаъ ву физико-математикин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин вице-президент Дадашев Райком. 2015-чу шеран 17-чу декабрехь 65 шо кхаьчна цуьнан. Царах 40 шарахь Iилманехь къахьоьгуш ву и похIме стаг. Нохчийн къоман культурин а, литературин а декъехь, цо динарг кIезиг дац. Цундела, боккхачу ларамца йоккху вайнехан интеллигенцин гонашкахь Дадашев Райкоман цIе. Цунах хир ду вайн таханлера къамел. DSC030943

1941-чу шеран 22-чу июнехь ямартлонца немцойн фашисташ вайн Даймахкана тIелетта, луьра тIом дIаболабелла хьалхарчу деношкахь шен лаамехь фронте вахара Райкоман да Хьасамха. ТIом луьра, къиза бара. Мангало буц санна эгабора цо бIаьхой. Цкъа-шозза гериг кхетта чевнаш йинера Хьасамхина. Госпитальшкахь хан такха дийзира. Амма чевнаш ерза йолаелча, лоьрашка дехарш дой а, ца хуьлчу даьлча госпиталера водий а, юха а шен накъостий болчу, тIеман дIакъошка юхавоьрзура Нажи-Юьртан кIоштара схьаваьлла майра бIаьхо. Нохчийчоь мел генахь йисинехь а, цунна хаьара, цу буьрсачу тIеман хьаьттахь ша лардеш дерг къоман сий дуйла. Ткъа, къоман сий лардечохь, мерза са дIадала кийча вара Хьасамха а. Цуьнан майралла, доьналла  цхьаммо а тидаме ца ийцира 1944-чу шеран 23-чу февралехь, къизаллийца цIевзина еанчу, шийлачу Iуьйранна. Къинхетамза махках даьккхира дерриге а нохчийн къам. Оцу декъазчу декъах бара, тIеман хьаьттахь лаьттачу Дадашев Хьасамхин доьзал а. Шен ши кIант марахьарчийна, новкъаелира, бIаьхочун хIусамнана Седа. ГIиргIизойн махкара Ошски областе нисъелира иза шен кегийчу доьзалшца. Дерриге а къомо лайна харцо, хало, шело, гIело лан дийзира Седин а хийрачу махкахь. Даймехкан маршонна гIароле хIоьттинчу хIусамдех хууш, хезаш хIумма а дацара и луьра тIом дIабирзинчул тIаьхьа а. Уггаре а коьртаниг, «похоронка» каракхачаза яра, цундела, хастам хиларан АллахI-Делан комаьршачу къинхетамах, дог дилла цалууш, сатийсамехь хан токхуш яра Седа. Мел хан яларх, шина кIанте а дог ца дуьллуьйтура цо, цкъа мацца а да доьзалх схьакхетарг хиларх. Иштта, бIаьрга сара кхетча санна, доьзал лоьхуш сийлахь боккха Даймехкан тIеман толамхо а хиллера. 1947-чу шеран чаккхенехь кхечира Дадашев Хьасамха Сталинан хьадалчаша махках баьккхинчу шен доьзална тIе. Хиллачу чевнаша, доьзална тIекхача лууш лайначу халонаша, де эшийна а мелла а могашалла галъяьлла вара иза. Цу бахьаница, кхозлагIа кIант дуьнен чу валале Iожалло дIавуьгу шен са, дегI ца кхоош, Даймехкан тIамехь лаьттина майра бIаьхо. Седас хьалакхиийра кхо кIант, нийсархойх ца хьоьгуьйтуш, йолчу таронца даа-мала, тIедуха-когадуха латтош. Шена мел хала делахь а, дешарна юкъахцабохуш. 1950-чу шеран 17-чу декабрехь дуьнен чу ваьлла Райком. Делан къинхетам хьалха баьлла, 1957-чу шарахь цIаберза бакъо елира вайнахана. И бакъо дIаяккхарна кхоьруш санна, сихбелла  цIабоьрзучу вайнехан хьалхарчу могIарехь Нохчийчу схьакхалха новкъаелира Седа шен кхо кIант а эцна. Шайн дай схьабевллачу Хьочи-Арахь дIатарбира цо кIентий. Цигахь хьалхарчу классе деша вахара Райком а. Бакъду, хIинца санна дешарна, балхана паргIатонаш яцара цу муьрехь вайн махкахь. Юьхьанцара школа бен яцара Хьочи-Арахь. Цундела, юккъера школа Сесанахь чекхъяккха дийзира  кIентан. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна, дика доьшуш вара иза. ГIиллакхе, оьзда, синкхетам сема болуш вара. Дерриге а дуьне маракъовллал, адамаш дукхадезаш вара. Хьехархошна дукхавезара дешарна тIера волу кIант. Цул сов, школан юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш вара. Литературин суьйре дIаяхьа езахь а, кхечу Дезденошна кечам бан безахь а, дан дезачунна каде а, хьуьнаре а вара. Цунах тешийначунна цкъа а сагатдан ца дезара. Жоьпалле вара иза кхиъна вогIуш дуьйна. Цундела массарна дукхавезара. 1968-чу шарахь кхиамца чекхяьккхира юккъера школа. Оццу шарахь  деша вахара Нохч-ГIалгIайн Республикин хьехархойн институте. Юккъерчу школин лакхарчу классашкахь дуьйна, физика яра исбаьхьчу къайленашца кIентан сакIамдеш, шен хьаьрме дIавоьхуш. Цундела, дукха тамашийна цахета Нажи-Юьртан кIоштара охьавеанчу кIанта, говзалла караерзо физико-математикин факультет харжар. Цхьана а кепара дуьхьало йоцуш, халчу зерех чекхваьлла, хьехархойн институтан студент хилира къоначу ламанхочух. Институтехь дика доьшуш вара аьлча, Дадашев Райкоман студенчески шерех, хIумма аьлла а ца хуьлу. КхоалгIачу курсе ваьлчахьана Ленинан цIарахчу стипендин стипендиат вара иза. Ткъа иза мел хала даккха дезаш дара цу муьрехь доьшуш хиллачу студенташний бен хуур дац. Кхоъ-м  хьеха хIунда дора!? Хьалхара курсехь деша волавелчахьана, цхьа а диъ  даккха бакъо а яцара цу стипендига сатуьйсуш болчу студентийн. Цул сов, лаккхарчу тIегIанехь низам хила дезара цуьнан, массаьрца мегаш, тарлуш, адамаллех юьззина амал хила езара. И дерриге а Райкомца долуш дара. Амма и данне дац, жима стаг дешар бен хIумма а гуш воцуш, Iилманна чувоьлла вара бохург. Физика, математика цуьнан синан элий хилла дIахIиттинехь а, жимчохь дуьйна историна, культурина, литературина пебетташ вацара иза. Цунна кIорггера евзара дуьненан, оьрсийн, нохчийн литература, дукхаезара къоман эстрада, иза цкъа а къехкаш вацара нийсархошца цхьаьна самукъадаккхарх а. Дадашев Райком ву физико-математикин факультетехь дуьххьара хелхаран а, къоман мукъамийн гIирсийн а ансамблаш вовшахатоьхнарг. 1970-чу шарахь хиллачу «Студентийн бIаьстенехь» хьалхара меттигаш ехира оцу  кхоллараллин тобанаша. Иштта, хуьнаре стаг вара иза студенчески шерашкахь а. Лаа олуш ма  дац халкъалахь: «ПохIме стаг массо агIор похIме хуьлу». Цхьанна кепара шеко йоцуш, хастам хиларо АллахI-Дала, ца кхоош, жимчохь дуьйна массо агIор а похIма деллачарех, цхьаъ ву вайн турпалхо.

Дадашев  Райком дешна валале Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтах университет хилира. 1972-чу шарахь кхиамца оцу университетан физико-математикин факультет чекхъяьккхира цо. Пхеа шарахь  дика дешна ваьлла жима стаг, цкъа хьалха Ростов гIалара пачхьалкхан Университете, тIаккха ГIебартойн-Балкхаройн пачхьалкхан Университете хьажийра стажировке. Цу лакхарчу дешаран кхерчашкахь тидам тIеозийра цуьнан металлаш лалорехь бечу талламаша. 1980-чу шарахь физико-математикин Iилманийн кандидатан диссертаци тIечIагIйира цо. «Исследование поверхностных явлений в многокомпонентных металлических расплавах», яра цуьнан диссертацин тема.  Делахь а, иза цкъа а вацара баьхначу кхиамех тоам беш. Физикехь, химехь талламаш дIабахьар цIийх доьллачу, къоначу Iилманчас, университетехь болх бечу хенахь, дIадоладо Iилманийн докторан диссертацин тIехь болх бар. Иза вевза Iилманчийн шуьйрачу гонашкахь, цуьнан цIарца йоккха дегайовхо кхобу белхан накъосташа, доттагIаша, Къилбаседа Кавказерчу Iилманчаша. 1987-чу шарахь белхан накъосташа Нохч-ГIалгIайн Университетан физикин факультетан декан хоржу Дадашев Райком. Иза куьйгаллехь волчу муьрехь университетехь хилла а ца Iаш, Нохч-ГIалгIайн  дешаран кхерчашна юкъахь, тIех тоьллачарех цхьаъ хуьлий дIахIутту физикин факультет. Амма Iилманийн докторан диссертаци чекхъяккха лууш волу къона Iилманча, шен лаамехь деканан болх буьтий, Уралера политехнически институте воьду докторантура чекхъяккха. Талламаш беш а, цхьацца Iилманийн статьяш язъеш а, шина-кхаа шаре йолу докторантурехь цо йоккху хан. Амма 1993-чу шарахь кхиамца  физико-математикин Iилманийн докторан диссертаци тIечIагIйой, цIавоьрзу похIме Iилманча. «Поверхностное  натяжение и адсорбция в многокомпонентных металлических расплавах», яра цо чIагIйинчу дессертацин тема. Нохчийн Республикин пачхьалкхан  Университетехь болх бо цу муьрехь Дадашев Райкома, Iилманан декъехь волчу проректоран даржехь. Герга г1ертачу  тIамо адам махках доккхуш, кIезиг бацара болх, Iилма дIатесна цаьрца махках бевлла Iилманчаш а. Кхечу къаьмнех болу хьехархой дIабахна а ца Iаш, вайнехан хьехархой бара шайн доьзалшца махках буьйлуш. Царна бехк буьллийла дацара. Инзаре, ирча беара вайн къомана ХХ-ХХI-гIий бIешераш хоттало мур. Зуламан мехаш дара чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь дуьйна, Нохчийчу хьийзаш. ТIаккъа бехк буй мискачу адамийн, шайн декъаза синош довдийна миччанхьа дахча а? Амма Дадашев Райком ца вахара цхьанхьа а. Халкъана, махкана уггаре а хала даьхкинчу деношкахь иза коьрте хIоьттира Нохчийн Республикин пачххьалкхан Университетана. 1994-чу шарахь  дуьйна ректоран даржехь болх бо цо. Бакъду, мел лакхарчу дарже хIоттарх, цкъа а даг тIе куралла-м ца йоьссина Iилманчина. Цунна къеггина тоьшалла ду тIамо Iовжийначу Соьлжа-ГIалахь цхьана школехь физикин хьехархо воцийла шена хиъча, 1995-чу шарахь  Дадашев Райкома дешаран шо чекхдаллалц  цу школера берашна, физика хьехна хилар. Цунна хан карийра, цуьнгахь собар хилира. Дадашев Райкоман санна лакхара синкхетам хила беза, экамечу деган комаьршалла хила еза, ша Iамош ерг къоман тIаьхье юйла хаа. ТIаккха да ло дерриге а. «Ас хIара дина!» – бохуш некхауьн тIе буйнаш ца деттарх.DSC07863

Йоццачу хенахь меттахIоттийра  шина тIамо йохийна университетан гIишло. Корашка телаташ тоьхна, цкъачунна студенташна охьаховша меттигаш кечйира. ТIаккха цхьацца гIулч йоккхуш, кхин бIегIийлаш кхоьллира. 2002-чу шарахь дара  буьрсачу тIамо йохийначу къинхетамза хIаллакьйинчу Соьлжа-ГIалахь Дадашев Райкома Ерриге а Россин Iилманан конференци вовшахтоьхча. «Интеграция науки, образования и производства – решающий фактор возрождения экономики и социальной сферы в посткризисный период», – яра цуьнан цIе. И дерриге а тIамо Iовжийначу халкъан дуьхьа а,  цуьнан тIаьхье кхетош-кхиорна тIедоьгIна а деш дара. Белхан накъосташа, мехкан куьйгалло тидамза ца буьтура Iилманчин хьанала къинхьегам. 2002-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн Академин декъашхо-корреспондент хаьржира Дадашев Райком. 2003-чу шарахь «Нохчийн Республикин Iилманийн хьакъволу гIуллакххо» аьлла, сийлахь цIе елира цунна. Ткъа 2006-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн Академин бакъволу декъашхо, иштта акдемин вице-президент хаьржира иза. Боккха кхаъ хилира халкъана, махкана 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн Академин вице-президент, физико-математикин Iилманийн доктор, профессор Дадашев Райком, Австрале лекцеш еша кхайкхича. Уьш  Квинслендехь йолчу университетан хьехархошна, аспиранташна хьалха еша езаш яра. Хьанна дагахь дара, нохчий Iилманчаш, кхечу пачхьалкхашка кхайкхина ца Iаш, кхечу континенташка лекцеш еша кхойкхур бу бохург. Вайна массарна Iаламат боккха юьхькIам бу иза. Бух боцу хIорд санна, кIорггера хаарш, лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш Iилманча, нохчийн къомах хилар, мехкан а дозалла хила догIу.  Иза иштта хиларна бIаьрла тоьшалла ду Австралера цIавирзинчу Дадашев Райкомана   «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна мидалца» Россин пачхьалкхан куьйгалло 2009–чу шарахь «Россин Федерацин кормататаллин лаккхарчу дешаран сийлахь белхахо» цIе тилларца совгIаташ дина хилар. Ларамаза нисделла совгIат дацара и сийлахь цIе тиллар. Iаламат йоккха, мехалалла йолу 150 сов Iилманан болх бара вайн махкахочун цу муьрехь зорбане баьлла. Иттех стага цуьнан семачу Iуналлехь Iилманийн кандидатийн диссертацеш тIечIагIйинера. Дадашев Райкоман Iилманан талламаша яьстинчу къайленех, шуьйра пайдаоьцуш белхаш беш ю  Москвара, Уралера, ГIебартойн-Балкхарера, ур-аттал, Греноблера (Франция)  цхьайолу технически институташ. Дуьненна евзачу ВДНХ-н гайтамехь тоьллачарна юкъахь бара Iилманан буха тIехь цо кечбина гIирсаш. Йоьза мидалш елира Iилманчина и мехала белхаш  бахьанехь. Амма динчух цкъа а тоам хуьлуш воцчу цо, нохчийн мотт, литература кхиорехь болх бо. Къоман тIаьхье кхетош-кхиорна т1ехьоьвсийна алссам проекташ Дадашев Райкоман куьйгаллица ю Нохчийн Республикин Академис юкъаяьхна. Царах цхьаъ ю «Нохчийн Республикин къаьмнийн синкхачанан хазна» цIе йолуш. Вайн халкъан гIарабевлла бевзачу яздархойн говзарш ю цу проектехь юха зорбане йохуш. Массарна мерза кхаъ хилира вайнехан гIараваьлла вевзачу поэтан Гадаев Мохьмад-Салахьан шина томехь гулар Нохчийн Республикин Академис зорбане яьккхича. И санна долу диканаш алссам ду Дадашев Райкомера дийлина. Вайн махкахь вевзачу Iилманчица Вагапов Iаьрбица, физикин терминаш нохчийн матте яьхна дошам зорбане яьккхира цо. Медицинин Iилманийн кандидат волчу Берсанов Руслана анатомин атлас Дадашев Райкома, хIетахь Нохчийн Республикин Университетан лоьрийн факультетан декан хиллачу Киндаров Заурца барт бина, ахчанца цхьаьна гIо-накъосталла деш зорбане даккхийтира.  Дийца даьккхинчуьра аьлча: Iилманчийн дай схьабевллачу Хьочи-Арахь долу маьждиг кхуьнан а, кхуьнан верасийн харжах дина ду. Иштта ву-кх Дадашев Райком. Оьшучунна даима орцанца гIатта кийча волуш. Iилманчин синбIов хилла лаьтташ бу халкъе, махке болу ховха безам. Деригге а шен  дахарехула чекхбоккхуш бу цуьнан иза. Дадашев Райком санна нуьцкъала амал йолчу стеган цIийца кхехкаш ша схьаваьллачу къоме болу безам хилча, кхочу иза Iилманийн кIоргенашка, доттагIаллин уьйр-марзонашка, шатайпачу башхалийца лепачу сирла поэзин хьаьтта. Къамелан чаккхенехь, Дадашев Райкоман кхин цхьа къайле йовзийта лиира  тхуна. Нохчийн Республикин Академин вице-президент, физико-математикин Iилманийн доктор, профессор Дадашев стихаш язъеш ву. Цара гойту 65 шо кхачар, иштта доьналлех дуьззина къона дог кийрахь долчу къонахчун, гIеметта хIоттар бен, кхин хан ца хилар. Царах цхьаерш оха шун тидаме йохку тахана.IMG_6890

 

Ма чIогIа сахьийза, инзаре сагатло тховса,

Iийжачу кийрара схьаэккха аьрха дог гIерта.

Ас муха теде и – лууш дерг Iаьршашкахь ловза,

ХIун дина хьаста ас, ца туьгург дерза вайн керта?!

                    ***

Цкъа мацца дахарехь некъах а тилла,!

БIаьстенан зазашлахь хIоьттина чилла.

Хьо йисахь, ницкъ эшна, гIорасиз хилла,

Дехар ду сан хьоьга, соьх дог ма дилла.

                    ***

МаьркIажан бодано даш санна базлой,

Наггахь со къоналлин шерашка кхоьхьу.

Аьрхачу лаамийн урх хеца хазлой,

Хиллачийн суьрташка гIийла со хьоьжу…

                    ***

Ас ца аьлла назма алий,

Ас ца дешна сурат деший,

Къинойх цIандеш, дегнаш дастий,

ДоIа дейша, Деле дерзий.

                    ***

Буьйсанан кIоргенехь дахаран къайленна кхоьллинчо герга а ваьхьна,

Сайн некъах шекваьлла, тийналлехь хиллачийн маьIна дан хьаьгна,

Лаьтта со дог доьхна, дахаран чаккхене кхачаран билгало оьхьна,

Я АллахI, гечделахь-лууш, я лаамза гулдинчу къаьхьчу къиношна!

                    ***

Дог-ойла гIоргIачу гIайгIано огий,

Сингаттам базбелла хьийзачу хенахь,

Даймохк, хьан гIийлачу мукъамо хьостий,

Ницкъ ло-кха чекхвала декъазчу декъах.

                    ***

Даго хьоьху…даго соьга боху…

Даго наггахь соьга дагар дуьйцу.

Шен сахьийза боху, шен сагатло боху,

Ахь пе тохахь ша шеллур ду боху.

                    ***

ГIаддайна хьийза со, йиш йоцуш стогаллех вала,

Тап-аьлла сецна сан синпхенийн инзаре гIовгIа.

Iадийна, ватийна даш санна базбелла бала,

Нохчийчоь, хьан къинан цIийх Iена ас мел е ойла…

                    ***

Дависа хьан делаI, кийрара дилха дог,

Хьо муха теде ас, хIун алий хьаста?

Сагатдеш цIийза хьо, схьаэккха гIерта хьо,

Карзахе детталуш дуьнене хьоьжу хьо.

 

                    ***

Вайн ца хилла денош сагIа дина,

Вай ца лелла некъаш вакъап дина,

Хьох ца йоьзна ойла хьарам йина,

 Вайн ирс дуца дина нийят ду сан.

                    ***

Ас ца боху со ирс доцуш ваьхна,

Я ирс соьга тоам боллуш кхаьчна,

Делахь сий ас рицкъанах ца хийци,

Я бахамах эла веш ца лийли.

 

ГАЗИЕВА Аза

 №146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: