БисмиллахIиррохьманиррохьийм
Дела цхьаъ веш, Элча (I.с.в.с.) бакъвеш, эвлаяаш къобалбеш, нийсачу некъа тIехь вай нисдарна хастам бу Сийлахьчу Далла.
1994-чу шарахь Дамаскера (Шема) маьждиган имамаш а, бусалба динан хьехархой а кечбеш йолчу давратера (семинар) цIа вогIура со. Берашна а, кегийрхошна а хьуьжарехь хьеха дика хир дара аьлла «Хьаяту аIзамир-русули» цIе йолу жайна ийцира ас, Iаьрбийн маттахь дешар а, кхетар а атта долу. Элчан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх лаьцна дуьйцучу «ТахIзибу сирати ибн-ХIишам» гIарадаьллачу тептаран бацбина чулацам бу оцу жайни чохь, Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гIиллакхех а, оьздангаллех а долчу башхачу дийцарша хаздина.
Хьуьжаршкахь иттех шарахь берашна и жайна хьехар нисделира сан. Цунах хьехамаш бора рузбанахь а, мовлад деша нах гулбеллачохь а, школехь а. Жайна массара а дезаш тIеэцаро гайтира, кегийрхошна санна, баккхийчарна а иза пайдехь хилар. Нехан цунах чIогIа самукъа а долура.
Массо а бусалбанна тIехь ду Iилма лахар, Iамор, дешар. Цхьа а шеко яц, динехь нисвала луушволчунна Элчанан (I.с.в.с.) дахар довзар доккха Iилма хиларан. Веза-Сийлахь волчу Дала шега Сийлахь Къуръан доссийна волу, Цо массо а Iаламна къинхетамна ваийтина волу, бакъдин – Ислам дIахIотто, шен халкъ боданера серлоне даккха, динехь а, гIиллакхехь а царна лаккхара масал хила хаьржина волу Делан Элча – Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ма ву иза.
Уггаре а бакъ дош – Лекхаволчу Делан дош ма ду. Уггаре а нийса некъ – Сийлахь волчу Цуьнан Элчанан (I.с.в.с.) некъ ма бу.
Вайн махкахь хилла тIемаш вайн догIмашна а, гIаланашна а, ярташна а зен дина ца Iийна. Цара зен дина адамийн синошна, церан ийманна, гIиллакхашна, церан оьздангаллина. Цундела тахана вайна тIехь ду гIаланаш а, некъаш а санна, динехь болу кхетам тобар, гIиллакх кхиорна тIехьажийна болх бар. ТIейогIучу заманахь вайн тIаьхьенна а зенаш, зуламаш ца хилийта.
Цу тIехь мелла а сайгара дакъалаца лиъна, вай лакхахь хьахийна долу жайна а, ткъа иштта кхидерш а Iаьрбийн маттера нохчийн матте дохуш, Элчанах (I.с.в.с.) лаьцна юкъара жайна хIотто волавелира со. И Iалашо сайна кхоллаялийтинчу Далла хастам а бо.
ХIокху жайнера ешархошна, къаьсттина вайн берашна, кегийрхошна, хуур ду, Лекхаволчу Делан Элча тIехдика Мухьаммад (СоллаллохIу IалайхIи ва саллама) къинхетаме, собаре, комаьрша, догцIена, догдика, оьзда, гIиллакхе, эхь-бехк долуш, эсала, бакълуьйш, тешаме, нийса, кIеда-мерза, къинтIера волуш, дов ца дезаш, маслаIате а воккха машархо хиллий.
Масех дашехь бовзийталур бац, вежарий, Элчанан (I.с.в.с.) дахаран гIиллакхех долчу жайнин чулацам. Цунна иза леррина дешар, ша доьшучун ойлаяр оьшу. Иза, ешархо, хIокху могIанийн автора хьоьгахь дуьту.
Динан мостагIаша, ца тешачу наха дукха «жайнаш» яздина Элчанах (СоллаллохIу IалайхIи ва саллама) лаьцна. Цхьаболчара и сийсазван гIерташ, вукхара – иза чIогIа хьекъал долуш хилла бохуш, Лекхаволчу Делан къамел Къуръан цо шегара яздина ала гIерташ. Оцу жайнашкара харц кхетам схьаэцарх вай Дала лардойла.
Делан Элчанан (I.с.в.с.) дикалла кхачам боллуш йийца жайна а тоьар дац, я вайн ницкъ а кхочур бац. Вайн декхар дерг – вешан ницкъ кхочург дар ду.
Ас Деле гечдар доьху, хIара жайна гочдеш, хIоттош, кху тIехь къахьоьгуш сайгара довла тарлучу гIалаташна. Сан Iалашо дика хилар хуучу Дала сайн къинхьегам къобалбаре дог а доху.
Ва СоллаллохIу Iала расулихIи Мухьаммадин ва Iала алихIи ва сахьбихIи ва саллама. Амийн, валь-хьамду лиллахIи роббиль-Iаламийн.
БисмиллахIиррохьманиррохьийм
Мухьаммадан
бералла
Вайн дийцар, Делан Элчанан Мухьаммадан (I.с.в.с.) бераллина тIера долор вай.
Маккин сийдолчу доьзалера схьаваьлла иза. Цуьнан да-Iабдул-МутIалибан кIант IабдуллахI шен гIиллакхца а, оьздангаллица а оцу шахьарахь а лоруш жимастаг хилла. Цундела мел гинчунна, мел вевзинчунна дукхавезаш хилла. Цуьнан нана – ВахIабан йоI Аминат – Къурайшин тайпанах схьаяьлла, цIеяххана дикачу цIийнах дика йоI хилла. Элчанан дай Iаьрбийн элех чIогIа оьзда нах хилла. Элчан ЦIа – дика ЦIа ду, Элчан ЦIа – сийлахь ЦIа ду. ТIаккха шу цец ма довла, Дала шен Элча дикачу цIийнах хаьржина хиларх.
IабдуллахIа Аминат ялийра шен берхIитта шо долуш. Захало кхочушхилча, Iаьрбийн Iадатехь, стунцахошкахь кхо де даьккхира цара. ТIаккха шаьшшиннан хIусаме дIадахара.
Хаза, ирсе дехаш дара и шиъ. Амма и дахар дукха доца хиллера. Аминат доьзалхочух йолуш, Шема махлело вахар нисделира IабдуллахIан. Цигара цIавогIуш, Сирлачу Мединатехь садаIа сецира иза. Циггахь цамгар кхетта, цIеххьана дIакхалхар а, Мединатехь дIаволлар а нисделира цуьнан. IабдуллахI кхелхинчу хенахь ши бутт бара Аминат доьзалхочух йолу. ТIаккха Мухьаммадах буобер хилира, ша дуьнен чу а валале. Дена Iабдул-МутIалибана хезира, шен кIант IабдуллахI Мединатехь дIакхелхина аьлла. Цунах чIогIа гIайгIане вара иза. Иштта гIайгIане хилира IабдуллахIах йисина Аминат а.
Аминат собаре хилийта, цуьнан бала байбан лууш, Iабдул-МутIалиба элира:
– Дела къинхетаме ву хьуна. Ас Цуьнга доьху вайна хилла бохам диканца меттахIоттор, ас Цуьнга воьху ден метта хIуттур волу дика кIант.
Дала цуьнан доIина жоп а делира. Оцу доьзална велира дерриге а Iаламах Ша къинхетам беш ваийтина доьзалхо.
Шен ненан кийрахь волу исс бутт кхаьчча, мийлад терахьашца лерича, (тахана вай лелош долу терахьаш), пхи бIе кхузткъе цхьайтталгIачу шеран ткъолгIачу апрелехь оршот дийнан Iуьйранна девешин Абу-ТIалибан хIусамехь дуьнен чу велира (Делан Салам хиларг) Делан Элча Мухьаммад. И цIа серлонах хьаладуьзира. Элча (I.с.в.с.) дуьнен чу ваьлча, цуьнан нанас Амината, хазахетаран кхаъ боккхуш, хабар дахьийтира Iабдул-МутIалибе. Воккхавеш веара тIаккха деда, нанна совгIаташ дохьуш. КIентан ворхI де кхаьчча, Дала цунна дагатесира, Шен Элчанна (I.с.в.с.) Мухьаммад аьлла цIе тиллар.
Мухьаммад дуьнен чу вар билгалдоккхуш, къурайшийн тайпанах болу шен нах кхайкхира Iабдул-МутIалиба. Оцу хIусаме керла доьзалхо вар даздеш, самукъадаьлла, той дууш, баккхийбеш Iачу цара, хаьттинера дедега: «ХIун цIе тиллина ахь кIантана?» – аьлла.
«Мухьаммад – сийлахь хастаме бохург ду, и цIе тиллина ас, – дозалла динера дедас. – Делан лаамца стиглахь а, лаьттахь а нахана юкъахь хестош хилийта».
Дуьнен чу валале байлахь висира Мухьаммад. Шен да гина вацара цунна. ХIетте а, АллахI-Дела вара даима цуьнан терго еш. Деда чIогIа воккхавера шен кIентан кIантах. Иштта, цкъа Аминате аьллера цо:
– Схьалохьа, караэцийтахьа соьга Мухьаммад.
ТIаккха нанас и дIавеллера цуьнга. ЧIогIа лерина, ларвеш схьаийцира дедас кIант. Ирсах воккхавечу Iабдул-МутIалиба аьллера:
– Ас даггара декъалйо хьо хIокху исбаьхьачу доьзалхочуьнца. Вай чIогIа гIайгIане ма дара кхуьнан да IабдуллахI дIаваьлча. Дела дика ву. Дала, и бохам байбеш, цуьнан метта доккха дика делла вайна, Мухьаммад дуьнен чу ваийтарца. Хьажахь кхуьнга, сан йоI, ма чIогIа тера ву шен дех. IабдуллахI хIинца дийна велахьара, кхоччуш ирсе хир дар-кха вай. Хьажахь кхуьнан шина бIаьрге, баккъал а шен ден ши бIаьрг бу-кха. Хьажахь юьхьа тIе, дечух ма тера ю-кх иза. Кхул хаза бер хила йиш юй-те дуьненахь а?
Iабдул-МутIалибе хьаьжира Аминат. Иза ирсе а, чIогIа воккхавеш а карийна, ела а къежна, элира цо:
– Кхунах воккхавеш лелийта, Дала хан яхъе хьан.
ХIетахь дуьйна Iабдул-МутIалибан Iедал дара дийнахь шозза Мухьаммад (I.с.в.с.) волчу вогIуш: Iуьйранна а, делкъал тIаьхьа а.
Хьан дузор ду
буобер
Шайн бераш гIум-ара дуьгуьйтура Маккахь болчу наха. Церан кхиар аренан цIеначу хIаваэхь хилийта, зоьртала, ницкъ болуш, ондий кхиийта, ненан мотт (Iаьрбийн мотт) цIена бийца Iамийта. Аренца Iаш болчу Iаьрбийн зударий гIала богIуш хилла шайна мехах кхаба бераш лаха. И бераш лелорна лучу мехах шайн доьзалш хене баха.
Аминат йолчу цхьа а ца еара царах. Зударшна хаьара, Мухьаммад буобер дуй а, иза Iалашвича беза мах бала цуьнан да воций а. Мила хир яра царах мах боцуш буобер кхио реза?
Оцу зударшца Макка еана хиллера СаIди тайпанах йолу Хьалимат. Хьалдолчу доьзалера бер дига. Амма иза цунна ца карийнера.
Догдика, оьзда, хаза гIиллакх долуш зуда хиллера Хьалимат. ХIетте а, иза йоцчунна берриге а зударшна бераш карийнера, ткъа цуьнан гIала яр эрна хуьлуш лаьттара. Иза йоцург, берриге а зударий хазахеташ, самукъадаьлла, цIехьа баха кечлуш бара. Хьалиматана дагахьбаллам хиллера, хьалдолчу нехан бер ца карийна аьлла.
Новкъа вогIучу Мухьаммадан (I.с.в.с.) деден бIаьрг кхеттера гIайгIане хиллачу Хьалиматах. Иза йоцчунна, массо а зудчун карахь бераш а гинера цунна. ТIаккха аьлла хиллера Iабдул-МутIалиба Хьалимате: «Схьайоьл соьца, суна карор ду хьоьга дигийта бер».
Хьалимат кхийтира, иза шега Мухьаммад (I.с.в.с.) вигийта воллий. Цхьа а бер доцуш цIехьа йоьдучул, буобер дигар а гIоли хийтира цунна. Мухьаммад (I.с.в.с.) шеца вига ша я ма вига-те бохуш, Хьалиматан ойла керчарх кхийтира Iабдул-МутIалиб. ТIаккха цо элира Хьалимате: «Бакъду, Мухьаммад буобер ду, хIетте а иза чIогIа хьоме ву суна. Дена шен кIантал чIогIа дукха а веза. Иза къен-миска ву алий ма Iелахь. Хьоладас луш боллу мах лур бу ас хьуна. Дика терго елахь цуьнан, нанас шен кIант санна, дика лелавелахь иза».
Iабдул-МутIалиб, Хьалимат а эцна, Аминат йолчу цIа вахара. Ши зуда вовшашна йовзийтира цо. ТIаккха Аминате хаийтира, Хьалимат Мухьаммад (I.с.в.с.) вакхо а, кхаба а вига резахилар. Цул тIаьхьа Хьалимате бер караэца аьлла, дийхира цаьршимма, шена евзаш йоцчу зудчуьнга кIант резахуьлий хьожу.
Хьалиматан каракхаьчча, иза тIеоьцуш, кхаъ хилла велакъежира Мухьаммад (I.с.в.с.).
Хьалиматана гира, мел сингаттамца хьоьжу Аминат шен цхьаъ бен воцчу кIанте, мел хала ду цунна иза шех къасто. ТIаккха, ненан догъоьцуш, йитсхилла Хьалимат: «СапаргIат хилалахь, Аминат. Тешалахь, ас Мухьаммад сайн берел а дика лелориг хиларх. – ТIаккха Хьалимата хаьттира нене: – Мел вита ас иза сайца?»
Дедас жоп делира цунна: «Когаваххалц, дегIана мелла а андваллалц, вита ахь. Ас дехар до хьоьга, – элира, – наггахь тхо долчу яр, нанна шен бер гайта а, цуьнан сапаргIат хилийта а».
Таро йоцуш, дукха къен Iаш яра Хьалимат. Юург кхачаме цахиларна, кIезиг хуьлура цуьнгахь шура а. Буобер дакхо йолаелча, шен шура алсамъяьлла карийра цунна. Оцу балхах цецъяьлла, цо аьлла хиллера: «Кхул хьалха дукха бераш дакхийна ас, шура даима кIезиг хуьлура сан. ХIара бер шеца беркат алсам долуш хиларх тешна ю-кха со. ХIара бахьана долуш, Дала сий дийр ду-кха сан».
Хьалиматера пурба а даьккхина, Мухьаммад (I.с.в.с.) караийцира нанас а, дедас а, обанаш ехира цунна. ТIаккха цаьршимма бераца новкъаяьккхира Хьалимат.
Ирс долуш зуда хиллера Хьалимат. ХIокху дерриге а Iаламехь, Дала мел кхоьллинчу берашлахь уггаре а дика бер кхаьчнера цунна. Веза хилла волчу Дала хаьржина, хIара Iалам тодан, хаздан, дуьне мел ду бакъдин – Ислам дIасадаржаде аьлла, Пайхамар а, Элча а хила къобалдина даийтина бер дара иза, АллахI Делан Элча Мухьаммад Пайхамар (I.с.в.с.) хир волу.
С.-М.МУРТАЗАЕВ,
Iеламстаг
№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо