Лулахошкара керланаш

А-Х.Кадыровн цIарахчу ураман сибат хийцинаСнимок 01

 НАЛЬЧИК. ГIебартойн-Балкхарийн Республикин коьртачу шахьарахь Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжина цIе лелош болчу урамо хийцина шен сибат – чекхдолуш ду цунна реконструкци яр. Чекхдаьккхина 1,3 километр йохалла йолчу урамехь силам некъ биллар, некъа тIехь билгалонаш йина, хийцина бордюраш. Ураман шолгIачу агIор меттахIиттийна урамехь серло латторан бIогIамаш, кхитIе 40 стогар а тосуш.

МеттахIиттийна маршруткаш а, автобусаш а совцуш йолчу меттигашкахь хIиттош йолу махлелоран комплексаш, йина машенаш хIитто меттигаш, чекхдолуш ду сквер хазъеш-тояр. ХIинцале а дIахIоттийна хинйолчу чухчарин кад, арахьара пенаш мокхаз-тIулгаца кеч а деш. Цунна юххехь йина исс метр лекха бIов.

 

Ансамблан – 25 шо

Снимок 02МАЙКОП. ХIокху деношкахь кхузарчу концертан «Нальмэс» залехь юбилейни концерт хIоттийра адыгийн хелхаран берийн «Зори Майкопа» ансамбло. Цуьнца билгалдаьккхира цо ша кхоьллина 25 шо кхачар. Коллективан декъашхой, куьйгалхой, хьехархой оцу денца декъалбира гIалин мэра А.Наролина а, халкъан депутатийн гIалин Советан председатела А.Джаримока а.

ГIалин куьйгалхочо билгалдаьккхира, ансамбль бакъонца регионан коьртачу шахьаран дозалла хилар. Цуьнан кхоллараллин а, корматаллин а хьуьнарша даима а цецбоху хьовсархой. Республикехь санна иза шуьйра евза цуьнан дозанел генна арахьа а. Ансамбло тIейогIучу хенахь а хьовсархошна иштта хазахетар дохьург хиларх ша тешна хилар дIахаийтира цо.

Юбилейца доьзна жимма хьалхо гIалин администрацис шайна къастийна хиллачу ахчанах тегна керла костюмаш юьйхина бара къона хелхарчаш.

 

Керла мотт Iамо болабо

1382100183_978976_49МАХАЧКАЛА. Дагестанан пачхьалкхан университетехь керлачу шарахь дуьйна Iамо болор бу чинахойн мотт, хаамбира дешаран заведенин ректора Рабаданов Муртазалис цигахь дIаяьхьначу Къилбаседа Кавкказан федеральни округан вузийн ректорийн кхеташонехь.    Оцу Iалашонца цхьана шарахь Чинехь дешна вузан шина хьехархочо а, шина магистро а. Иштта билгалдеш ду оцу гIуллакхана цигахь доьшуш болу Чинин студенташ юкъаозор а.

Махачкалахь дуьххьара дIахьош ю СКФО-н вузийн ректорийн Советан кхеташо. Цигахь коьрта тидам тIебахийтира Къилбаседа Кавказан университетехь дешаран меттан политика йийцаре яран гIуллакхашна. Масала, Дагестанан университетехь тахана 59 корматаллехула говзанчаш кечбо, кхиамца гIуллакх деш ю Iилманан 70 корматаллехула аспирантураш, ткъа иштта 18 корматаллехула докторантураш.

ДГУ-н кхечу мехкийн меттанийн факультетехь карарчу хенахь Iамабо кхечу къаьмнийн 7 мотт: ингалсан, французийн, италахойн, немцойн, гIажарийн, Iаьрбийн, туркойн меттанаш.

 

Спортан дворец ярна – 300 миллион сом

 Снимок 03МАГАС. Республике хаам кхаьчна, Несарехь еш йолчу спортан дворецана лерина Россин премьер-министра Медведев Дмитрийс федеральни бюджетера 300 миллион соьман барамехь ахча къастийна хиларан хьокъехь. И объект федеральни программина юкъахь ца хиллехь а, и ахча физкультура а, спорт а кхиорехула йолчу пачхьалкхан программин гурашкахь луш ду ГIалгIайчоьнна.

Шена чу 3 500 стаг хуийла йолчу дворецан мах 1.175 миллиард соьман барамехь хIоттийна. Иза кху шарахь гIуллакх дайта йолаялийта Iалашо хиллехь а, регионан куьйгалхочун пресс-службехь бечу хаамца, иза дан ницкъ ца кхечира. Цуьнца доьзна Пачхьалкхан думин физкультурехула а, спортехула а йолчу Комитето хьалха хIоттийра дворец яр чекхдаккхарна 400 миллион сом ахча къастор.

Спортан дворецо шена чулоцур ю ялх спортзал а, ши арена а. Республикехь дика вевзаш волчу Евлоев Бердан цIе туьллур ю цунна.

 

Даздаршкахь кхерамаза хилийта

ЭЛИСТА. ГIалмакхойн Республикехь дIайолийна «Керла шо» аьлла йолу муьран профилактика яран операци. Цуьнан Iалашо ю Керлачу шеран а, рождественски а деза  денош дIадахьарехь дакъалоцу йолу ерриге а объекташ цIе яларан кхерамазаллина кхачоеш леррина оцу балхана кечъяр.

Билгалдина объекташкахь талламаш бар дIабахьарца цхьаьна МЧС-н, чоьхьарчу гIуллакхийн органийн говзанчаш юкъа а озош рейдаш яр. Коьрта тидам тIебохуьйтур хир бу пиротехнически хIуманаш, электрически кочарш Iалашдеш йолу меттигаш талларна. Керлачу шеран гIуллакхашкахь дакъалоцу болчаьрца инструктаж дIахьур ю, ха дар вовшахтухур ду.

 

Базалгийн базарш

Снимок 04ВЛАДИКАВКАЗ. Кхузахь гIуллакх дан юьйлаелла керлачу шарна лерина базалгаш йохкарна лерина йолу базарш. Йохкархоша республике еана Пензенски областера, Канадера, Данера базалгаш. Шен куьце хьаьжжина цхьаьннан мах 500 соьмана тIера 5 эзар соьме кхаччалц хIоттийна. Бакъе ма-хиллара, школаша а, берийн бошмаша а оьцуш йолчу ши метр лекхачеран мах 15 эзар соьме кхача а тарло.

Керлачу шарна кечамбарна шайн дакъа юкъадуьллу базалгашна тIетуьйсу хIуманаш юхкуш болчара а. ГIалахь итт базар ю и тайпа хьашташ кхочушдеш. Къаьсттина алсам тидам тIебохуьйту маймалан васт долчу хIуманашна.

Цуьнца цхьаьна тидамза ца дуьсу кхин цхьа гIуллакх а. ДIадаханчу шарца дуьстича кхузза лахъелла гIалахь базалгаш юхкуш йолу базарш: стохка хиллачу 150 базарх кху шарахь болх беш 48 бен яц. Амма цуьнга хьаьжна доцуш хьаштахойн хьашташ буьззинчу барамехь кхочушдина хир ду аьлла хеташ бу гIалин администрацехь.

 

Керлачу шеран даздарш дIадуьйладелла

 СТАВРОПОЛЬ. ДIдаханчу пIераскан дийнахь коьртачу шахьаран Ленинан цIарахчу майданахь дIадолийра Керлачу шеран даздарш. Оццу дийнахь коьртачу базалги тIехь керлачу шеран цIерш хьала а латийра. Кхоллараллин коллективаша гIалахошна шайн корматалла йовзийтира.

Керлачу шеран базалги тIехь цIерш латийначул тIаьхьа схьайиллира ГIура-Дадин резиденци. Бераша а, баккхийчара а суьрташ дахийтира туьйранийн турпалхошца.

Чаккхенехь пиротехникаша шайн корматалла гайтира.

 

Шеран тоьлла спектакль

ЧЕРКЕССК. ГIебартойн-Балкхарера режиссер а, Адыгейн Цей ИбрахIиман цIарахчу къоман театран актераш а бахьанехь, хIокху деношкахь гIалахойн таро хилира Гарсия Лоркин «ЦIий Iанийна ловзар» спектакле хьовса. Адыгийн маттахь хIоттийна йолу и спектакль дукха хан йоццуш дIаяьхьначу Кавказан регионашна юкъарчу театральни фестивалехь тоьлла лерина яра къоман маттахь хIиттийначу спектаклашна юкъахь.

ДоггIучуьра аьлча, оцу фестивалехь «Тоьлла зударийн роль ловзорна», «Сий а, доьналла а лардарна» аьлла совгIаташ дира Чергазийн драматически театран артисташна.

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

 

№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: