Август беттан 23-чу (РаббиIул-Аввал беттан 12-чу) Iуьйранна Соьлжа-ГIалара А-Хь. Кадыровн цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждига чохь даздира адамех уггаре а тоьлларг а, тIаьххьарлера Пайхамар а, Элча а хилла волу Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла де.
Оцу денна лерина, маьждига чохь, массарна а гойла долуш, Пайхамаран а, гIарабевллачу нохчийн эвлаяийн а ассараш яра дIахIиттийна. Цаьрга хьовса а, жамаIатехь Дела хьехорехь а, Пайхамар (I.с.в.с.) хесторехь а дакъалаца, баьхкина эзарнаш нах бара. Царна юкъахь Нохчийчуьра а, Къилбаседа Кавказан субъекташкара а хилла ца Iаш, Россин генарчу регионашкара баьхкинарш а бара. Уьш берриге а цхьаьнатоьхнера Элчане (I.с.в.с.) болчу безамо.
Маьждига чохь вовшахкхеттачарна хьалха вистхилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Шен къамелехь цо баркалла элира, Пайхамарна (I.с.в.с.) салаваташ дахка аьлла бинчу кхайкхаман гIолацарна. Иштта цо билгалдаьккхира, нохчийн махкана тIе Делан къинхетам боьссина хилар, Дала Шен къинхетамца нохчийн къам бусалба динан а, Элчан суннатан а некъа тIе даьккхина хилар.
Кхузахь ала догIу, 20-чу ноябрехь дуьйна Нохчийчоьнан бахархоша 29 миллиард сов салават диллина хилар. Цу хьокъехь къамел динчу Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас доIа дира, Деле берриге а бусалба нехан къиношна гечдар а, царна Делера ниIмат а доьхуш.
Цул тIаьхьа, гулбеллачара Пайхамаран (I.с.в.с.) сийлалла хестош мовлад дийшира. Маьждигана хьалхарчу майданахь зуькарш а дира.
Иштта, Пайхамар дуьнен чу ваьлла де билгалдоккхуш, Соьлжа-ГIалин стигал, иттех минотана серлаяьккхира шатлакхаша.
Оцу дийнан сийлаллин йовхоно, марзоно шайн дегнаш цIандина, АллахI а, цуьнан Элча (I.с.в.с.) везарехь совбевлла дIасабахара маьждиге баьхкинарш Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа.
И.ХАСАХАНОВ
Архивера сурт
№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо