Иштта цIе йолу пресс-эстафета дIайолийна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран дIадолорца 2014-чу шеран хьалхарчу февралехь дуьйна. Цигахь дакъалоцуш бу Нохчийчуьра шуьйрачу хаамийн берриге а гIирсаш.
Таханлера де тIекхаччалц дукхахболчу журналисташа, коьртачу декъана, хаамаш лоьхура республикин пачхьенехь – Соьлжа-ГIалахь я Интернетехь. Оццу хенахь вайн геннарчу ярташкара, кIотаршкара нах журналисташ гаре сатесна, цаьрга шайн лазамаш бийца лууш хуьлура. Вайн таханлера токхо кхуллуш, халкъан гIиллакхаш, Iадаташ лардеш, ийманехь а, оьзда а долу геннарчу ярташкара адамаш, церан дахар гайтар кIезиг хуьлу, тхуна хетарехь, вайн шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь.
Тхо кхета дукхахболу коьрта хиламаш Нохчийн Республикин Пачхьенехь хуьлуш хиларх. Уьш, хьакъ а долуш, шуьйра бовзуьйту регионан берриге а хаамийн гIирсашкахь. Бакъду, зорбанан а, электронни а хаамийн гIирсашкахь дукха-кIезиг гойту районийн дахар. Амма, тхуна хетарехь, и болх кхачаме бац, цо юкъа ца лоцу районийн дахаран ерриге а агIонаш.
Цуьнца доьзна республикехь дIайолаелла хIара акци. Иза дIахьур ю Нохчийчоьнан ерриге а районийн администрацеша гIо а лоцуш, республикин Журналистийн союзо, министерствона юкъабогIучу шуьйрачу хаамийн берриге а гIирсаша жигара дакъа а лоцуш. Цу юкъахь хир ю телерадиокомпанеш, муьран изданеш, хаамийн агентствош.
Передачашкахь а, зорбанехь а гойтур ду вайн районийн дахар, цигахь дехаш долчу адамийн Iер-дахаран хьелаш, церан хьашт-дезарш. Ешархойн а, хьовсархойн а, ладогIархойн а, сайташца гIуллакхдогIучеран а аьтто хир бу республикин геннарчу ярташкахь къахьоьгуш долу адамаш, Iеламнах, спортсменаш, кхоллараллин а, Iилманан а интеллигенцин векалш, тIеман а, къинхьегаман а ветеранаш, бакъонашларъяран органийн белхахой, кегийрхойн жигархой, кхиберш бовза. Иза шатайпана «пресс-тураш» а, «журналистийн десанташ» а хир ю Нохчийчоьнан ярташкахь болх беш йолу.
И мехала гIуллакх дIахьур ду 2014-гIа шо чекхдаллалц а, цул тIаьхьа а. Оха тхайн накъосташка, берриге а журналисташка доьху оцу гIуллакхехь жигара дакъалацар а, цунна лаккхарчу жоьпаллица тIедахар а. Нохчийчоьнан цхьа а вахархо журналистийн тидамза виса ца веза. Вай хIоранна а тIекхача деза.
Нохчийн Республикин къоман
политикин, арахьарчу зIенийн,
зорбанан, хаамийн министерство