Россин Федерацин Президента Путин Владимира масех де хьалха вайн махкарчу а, дозанал арахьарчу а журналисташна еллачу пресс-конференцин хьокъехь шена хетарг олуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира: «Берриге а россихошна кхин цкъа а хии В.Путин шен гIуллакхана охIла волуш, хьикмате, онда лаам болуш политикин тхьамда вуй. Цуьнга кхочуш дуьненахь цхьа а вац!».
Кадыров Рамзана дийцарехь, Россин Президента оцу йоккхачу пресс-конференцехь дуьззина а, кхачам боллуш а, хьекъале а, гIуллакх кIорггера довзар гойтуш а жоьпаш делира арахьарчу а, чоьхьарчу политикех а, экономикех а хьакхалуш долчу чолхечу а, ирачу а хаттаршна. «Цо даррехь дIагайтира Росси машар безаш пачхьалкх хилар, амма шеца лараме йоцу юкъаметтигаш хилар чекхдолуьйтур доцуш хилар», – бохура Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цо дIахаийтира мехкан Президента мел дийцинарг ша къобалдеш хилар, цу юкъахь дуьненарчу берриге а мехкашца вовшашна пайдехь а, лакхара-лахара ца хеташ а юкъаметтигаш лелон Росси кийча хиларан хьокъехь дийцинарг а. «Президента дIахьедира ша США-н а, Евросоюзан а, дуьненан пачхьалкхийн а куьйгалхошца къамел дан кийча хилар. Гуьржийчоьнца йолчу юкъаметтигийн хьокъехь хаттар дича, Президента дагадаийтира юкъаметтиг цара шаьш галъяьккхина хилар а, уьш галйовларна бехке гуьржийн куьйгалла хилар а. ХIетте а гуьржийн товараш оьцуш а, визин раж дIаяккха лууш а ду вай», – элира Кадыров Рамзана.
Цунна хетарехь, къаьсттина тидам тIебахийта безаш ду Путин Владимира нохчийн халкъан хьокъехь аьлла дешнаш. «Федерацин субъектийн куьйгалхойн даржан цIарах къамел юкъадаьлча къаьсттина воккхавевеш дара цо нохчийн халкъан сий-ларам беш аьлла дешнаш. Цо билгалдаьккхира нохчийн халкъо шен лаамехь шен харжам бина хилар, цо бина харжам къобалбан хьакъ хилар, цуьнан ларам бан безаш хилар», – бохура Кадыров Рамзана.
Вайн Республикин Куьйгалхочо аьлла ма-хиллара, пресс-конференцехь юкъадаьхна хиллачу гIуллакхашца В.Путинан хилла юкъаметтиг регионашкарчу куьйгалхошна масал хилла дIахIотта деза. ХIунда аьлча Россин Президента муьлххачу а хаттарна жоп лучу хенахь гуш дара цо дерриге а халкъан а, мехкан а паргIатонан, маршонан, зовкхан дуьхьа деш хилар.
Д.ХАМЗАТОВ
№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо