Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна диплом делла «Вахош долу маларш муьйлуш йоцу Росси» («Трезвая Россия») аьлла йолчу федеральни проектана юкъахь йолчу «Вахош долу маларш ца мийларан къоман рейтингехь» регионо толам баккхарна.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна и совгIат дIаделира Россин Юкъараллин палатин декъашхочо, оцу проектан куьйгалхочо Хамзаев Султана Гуьмсехь «Малхбален кепара латаран академи» схьайоьллучу хенахь.
Диплом дIалуш, С.Хамзаевс билгалдаьккхира кегийрхойн гIолацарна Нохчийн Республикехь дуккха а гIуллакхаш деш хилар. Цо иштта элира регионехь спортан башха инфраструктура кхоьллина а, нохчийн халкъан культурин а, исторически а яккхийчу мехалаллашна тIехь кхетош-кхиош болу кегийрхой кхуьуш а хиларх лаьцна.
СовгIат дIаоьцуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо элира республикина и совгIат хьакъ хилар.
«Со тешна ву хьалхара меттиг тхуна хьакъ хиларх. Рейтингехь тхан регион тоьлла лараро тоьшалла до бахархой могашчу дахаран ойланехь кхетош-кхиорехь республикехь баккхий кхиамаш баьхна хиларна. Тхуна ца лаьа Европин культура схьаэца. Тхуна лаьа дуккха а къаьмнийн, дуккха а динийн Россин цхьабарт болу цхьа халкъ хила!» – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
С.ЛАБИЕВ
№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо