Соьлжа-ГIаларчу шен резиденцехь Великобританехь а, Германехь а ВУЗаш чекхъяьхначаьрца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Нохчийн кегийчу нехан а, зудаберийн а республикин куьйгалло гIолацар бахьанехь 2013-2015-чуй шерашкахь дозанал арахьа дешаран программехь дакъалаца аьтто белира. Великобританин а, Германин а тайп-тайпана лаккхарчу дешаран заведенеш чекх а яьхна, дипломаш схьа а эцна, Нохчийчу цIа бирзина уьш.
Республикин Куьйгалхочо дешар чекхдаккхарца а, шайн дахарехь керла мур дIаболорца а декъалбира уьш (ткъа уьш верриге а 51 ву).
«Таханлерчу дийнахь шуьйра хаарш долчарна говзаллехь кхин а яккхий таронаш ю вайн. Герггарчу хенахь экономикин тайп-тайпанчу дакъошкахь лаккхара корматалла йолу говзанчаш оьшур бу республикехь, царна юкъахь кхечу къаьмнийн меттанаш хуурш а», – элира Р.Кадыровс.
Къоначу говзанчашка шайн махкана а, халкъана а пайдехь хиларе а, тайп-тайпанчу харц-тобанийн питанех ларбаларе а кхайкхира республикин Куьйгалхочо.
«Шайна хуъушехь харц хаамаш баржош, махкахь долу хьал карзахдаккха гIерташ болчу питанчашка ладогIа ца оьшу шуна, шен халкъан дуьхьа къахьега а, болх бан а беза. Иза ду шуна муьлххачу а балхахь шу кхиаме кхачон дерг», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Цхьаьнакхетар дерзош, нохчийн эстрадин артисташа йоккха концертан программа гайтира. Цул тIаьхьа, Европехь ВУЗаш чекхъяьхначара безамна суьрташ дехира республикин Куьйгалхочуьнца.
А.ВАХАЕВА
№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо