Кубера могашалла Iалашъяран векалш – Соьлжа-ГIалахь

Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIала баьхкинера Куба Республикин могашалла Iалашъяран векалш.

Москвахь хиллачу цхьаьнакхетарехь уьш Нохчийчу кхайкха аьтто хилира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан Эдельгериев Абубакаран (Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн тIедилларца). А.Эдельгериевс барт бира Кубин Республикин Россерчу посолца Эмилио Лосада Гарсияца Кубин уггаре а тоьллачу клиникийн говзанчаш Нохчийчу бало.

Нохчийчохь Кубера могашалла Iалашъяран векалш тIеийцира Нохчийн Республикин финансийн министра Рассуханов Iусмана.

«Маршонан гIайренера» хьеший вай долчу бахкаран коьрта Iалашо яра медицинин декъехь юкъаметтигаш тояр. Хьешаша Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон векалшца а, лоьрашца а кхидIа а цхьаьна белхаш бан барт бира. Вовшех дага а бовлуш, онкологин цамгаршна а, шекаран диабетана а профилактика ян а, дарба лелон а барт хилира церан.

Иштта, тIедогIучу шарахь дуьйна вайн республикерчу лоьраша Кубехь шайн говзалла лакхайоккхур ю. Куберчу клиникийн онкологин цамгаршна, шекаран диабетана профилактика яран а, дарба лелоран а методика дуьненахь а тоьлла лоруш ю. Цундела, царна зеделлачух пайда а оьцуш, болх бан лерина бу вайн республикера лоьраш.

Белхан программа чекхъяьллачул тIаьхьа, I.Рассухановс хьеший новкъа бовлале, царна Соьлжа-ГIалин сийлаллин меттигаш гайтира. Уггаре а хьалха Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу мемориальни комплексе бигира уьш.

Хь.АВХАДОВА

 

№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: