«Иблисан пачхьалкх» террористически организацин зуламхоша яккхий тоьпаш йиттина Шемарчу цхьана школина. Цигахь доьшуш йолу исс йоI йийна, чевнаш хилла иттаннаш дешархошна.
***
Шеман Iедалан эскарша, гIаттамхоша гIо а деш, Дамаскан аэропортана гуонаха йолчу меттигашкара лохкуш бу «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн декъашхой.
***
Иракан Iедалан эскарша дIадолийна «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша дIалаьцна хилла Эр-Рамади гIала паргIатъяккхар.
***
Мисарарчу Синай ахгIайри тIехь хIаллакйина 31-чу октябрехь Россин пассажирски кема эккхийтарна бехке лоруш йолу террористийн тоба. Цунна юкъахь церан куьйгалхо а хилла.
***
Хонкаран дозанехула хIора шарахь Европин пачхьалкхашка кхочу 50 тонна гергга наркотикаш. Цигара дерриге а дуьненахула дIасаяьржаш ю уьш.
***
США-с кхин а шорйина Россина дуьхьал еш йолу санкцеш. Царна юкъа яхкийтина цхьамогIа банкаш а, ткъа иштта лаккхарчу даржашкарчу нехан цIерш а.
***
Европин мехкашка оьхуш болу мигранташ, тIаьхьарчу хенахь дикка лахбеллехь а, совцуш бац. Уьш дIатарбан аьтто бац шайн бохуш леткъамаш беш бу иттаннаш пачхьалкхийн куьйгалхой.
***
Селхана Росси веана Индин премьер-министр Нарендра. Иза цхьаьнакхийтира вайн мехкан куьйгалхошца.
***
Россин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира Израилан премьер-министраца Б.Нетаньяхуца. Цара дийцаре дира Герггарчу Малхбалехь кхолладелла хьал.
***
Россин Президента В.Путина дакъа а лецира, къамел а дира вайн махкахь дуьххьара дIаяьхьначу «Интернет-Экономика» форумехь.
***
Россин Премьер-министра Д.Медведевс Правительствон рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира тIедогIучу 2016-чу шарахь экономика кхиоран боларш сихдаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Газ эккхар бахьанехь Волгоградехь доьхначу цIа чуьра нах дIакхалхийна. Зенаш хиллачарна компенсацеш дала долийна. ХIинцале уьш дIаделла 60 сов стагана.
№146, еара, гIуран (декабрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо