А-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь луларчу ГIалгIайн Республикерчу къоначу художникан Цуроев Аюпан суьртийн а, декоративно-прикладни искусствон коьчалийн а гайтам схьабиллина. «Вайнехан исбаьхьа дуьне» аьлла ю цо шен балхана тиллина цIе.
Гайтам галерейн директора Болотбиев ХIарона схьабиллира. Маршаллин дашца цо билгалдира нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнийн шира, историн маьIна долу гергарло хилар. «Вайн мотт, гIиллакхаш, дин а цхьаъ ду. Цул сов, мохк а бу иштта хаза, лаьмнаша, шовданаша хазбина.
Цуроев Аюп ГIалгIайн Республикин Яндари юьртахь дуьнен чу ваьлла 1978-чу шеран 20-чу мартехь. Сурт диллар жимачохь дуьйна а дукхадезаш вара кIант, цул сов, цо шен куьйга йийбар а йора, иштта дечигах дезар деш цхьацца исбаьхьаллин коьчалш а йора. 2005-чу шарахь дуьйна, «Живопись» жанрехь суьрташ дахка волавелира. Дукха хьолахь портреташ, пейзажаш йохку цо. Иза ГIалгIайн Республикин Художникийн союзан декъашхо ву. Цуьнан белхаш Ерригроссин а, региональни а гайтамашкахь хилла. Нохчийн Республикин а, ГIалгIайн Республикин а къаьмнийн культурин зIенаш чIагIъярна, 2015–чу шарахь цунна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елира. «Живопись» декъехь 30 сурт а, декоративни – прикладни искусствон 20 коьчал а яра галерейхь гайтаме йиллина. Уггаре а хьалха, ша вина, кхиъначу Яндари юьртан хазалла гойтуш дехкина цо суьрташ. Шен мехкан Iалам дезна ца Iаш, Аюпана шена гуонахара дерриге а дуьне а дукхадеза. Деган дикалла, къинхетам хаало цуьнан суьрташкахь. Цо гойту къаночун а, кхиъна догIучу зудаберан а васташ. Шира бIаьвнаш, цIенош, наггахь бен ган йиш йоцу Iаламан хенан хIоттамийн мIаьргонаш ю цунна дукхаезаш. Гайтамехь Нохчийн Республикин юкъараллин а, кхоллараллин интеллигенцин а векалш а бара.
Нохчийн къоман музейн директора Асталов Вахас баркалла элира художникна, цо шен белхаш гайтаме баьхна, царах ирс эца аьтто барна. Аюпа музейна совгIат дира «Вайнах» аьлла цIе тиллина къахьаштух (ясенах) йина дечиган композици яларца.
Суьрташ санна, шайга хьажа хьакъ долуш бу цуьнан декоративни-прикладни искусствон белхаш а. Диттийн гIоданех а, орамех а стоьлаш, вазаш йо цо. Цуьнан белхан коьрта гIирс иза – дечиг ду. «ПохIма дерг массо а гIуллакхана тIехь а хуьлу похIме» кица бакъ хилар гучудолу Аюпа язйина байташ хезча.
Цундела цуьнан цIарах ала мегар ду: Даймохк, дуьне суьрташкахь, байташкахь хастошверг.
Январь беттан хьалхара денош чекхдовллалц лаьттар бу гайтам.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Цуроев Аюпан гайтам схьабоьллучохь
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо