«Бохам ца хилийта»
Дукха хан йоццуш С.В.Михалковн цIарахчу Берийн республикин библиотекехь «Бохам ца хилийта» аьллачу кхайкхамца цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Кегийрхой кхетош-кхиоран программин гурашкахь вовшахтоьхна дара и гIуллакх.
Библиотекин ешаран зала чохь Iеламстагаца Эхаев Ризванца цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГIалин №20 йолчу школин 7–8-чуй классийн дешархой. Наркоманех а, корта бахочу молханех а кегийрхошна долучу зуламех лаьцна дийцира цигахь.
«Бер хьалакхуьучу хенахь цуьнан къаьсттина Iуналла дан деза дас-нанас. Цкъа цигаьрка оьзча, иза ца йиталуш лела стаг. Делахь-х1ета харцахьа новкъа ваьлларг нийсачу новкъа ваккха атта дац. Къона верг харцахьа лелачу тобанех дIакхетча царах д1атарло. Цкъа цигаьрка оьзначунна юха корта бахош долу малар а, наркотикаш а марзъяла тарло», – элира цо.
Къуръана т1ера сураташ а далош, цо билгалдаьккхира, вон ойланаш а йоцуш, адаман дог а, са а цIена хила дезаш хилар. Интернета чохь тайп-тайпанчу сеташкахула зуламе дерг кегийрхошна Iемаш хиларх лаьцна а дийцира цо берашна. Цхьаьнакхетар дерзош, шайн дай-наношкара а, хьехархошкара а масал эцар дийхира цо дешархошка.
Историн декъера хаарш зийра
ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Кегийрхойн Парламенто Соьлжа-ГIалин №42 йолчу школерчу дешархошна юкъахь «Даймехкан историн Ерригроссин тест» акцин гурашкахь историн предметехула тест дIаяьхьира.
Шайн хаарш зийра лакхахь хьахийначу школин лакхарчу классийн дешархоша. Царах хIоранна а тесташ йийкъира, цхьана теса тIехь 40 хаттар а долуш. Кегийрхойн Парламентан векал Янадамов Аслан вара оцу гIуллакхана жоьпалле.
«Оцу тесташна тIехь долчу хаттаршна жоьпаш дала, Даймехкан истори хаа еза. Хьалхалера а, РомановгIеран цIийнан урхаллин мур а, Советски Союзан зама а йовза еза шуна, тIаккха бен шуьга тесташ ялур яц. Цунна лерина хан 45 минот ю», – элира А.Янадамовс.
Билгалдаккха деза, 19-чу декабрехь «Даймехкан историн Ерригроссин тест» Россин 80 регионехь дIаяьхьна хилар. Россин регионийн дешархойн историн предметехула шайн хаарш зен таро хилира. Оцу тестийн жамIаш ледара хилахь, школехь историн урокаш алсамъяхаран гIуллакх тидаме оьцур ду.
Нохчийн Республикин Парламентан а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а гIоьнца дIаяьхьира «Даймехкан историн Ерригроссин тест».
З.ЛОРСАНОВА
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо