Литературин рузма

Анзорова Балкан йина 1923-чу шеран декабрь беттан 24-чу дийнахь Хьалха-МартантIехь. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа болх бо йоза-дешар цахаар дIадаккхаран курсашкахь, школехь, районан библиотекин заведующи йолуш.

   Яздан йолаелла ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн чаккхенехь. Стихаш зорбане йийлина муьран зорбанехь, юкъарчу гуларшкахь. 1941-чу шарахь араяьлла Анзорова Балканан стихийн дуьххьарлера гулар. «ЦIенчу даггара» (1980), «Сатийсамийн тIемаш» (1988) стихийн гуларийн автор.

   Йоккха яц Б.Анзоровас нохчийн литературехь йитина тIаьхье, делахь а, цуьнан кхолларалла вайна мехала ю, поэзехь шайн хьуьнарш зийначу нохчийн зударех хьалхарчех иза хиларе терра. СССР-н Яздархойн союзан декъашхо хилла Балкан. Цуьнан къинхьегаман лаккхара мах хадийна «Знак почета» орден яларца. Кхалхар хилла 1997-чу шарахь.

   Гайрбеков Чага вина 1939-чу шеран декабрь беттан 25-чу дийнахь Нажи-Юьртан кIоштан Чеччалхе юьртахь. Бераллин а, кхиаран а шераш чекхдевлла Юккъерчу Азехь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь. ТIехдика дешарца и чекхъяькхичхьана, 1963-чу шарахь дуьйна, белхаш бина хьехархо, школин директор волуш. Дуккха а шерашкахь Нажи-Юьртан кIоштан газетан коьрта редактор лаьттина.

   «Даймехкан Iуьйре» цIе йолу стихийн дуьххьарлера гулар зорбане елира 1973-чу шарахь, цул тIаьхьа араяьллачу поэзин кхин шина гуларан автор а ву иза («Кхолламан некхаш» – 2008, «Дешнийн догIа» – 2009).

   Дадашев  Iабдулла, яздархо, Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин  хьакъволу  белхахо, вина 1930-чу шеран декабрь  беттан 28-чу дийнахь  Соьлжа-ГIалахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан  хьехархойн институтехь. Белхаш бина «Ленинан некъ» (хIинца  «Даймохк») газетехь а, Хьалха-Мартан районан газетан  редактор, Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзан исбаьхьаллин  литературина пропаганда яран бюрон  куьйгалхо  волуш а.

   1960-чу шарахь  дуьйна I.Дадашевн дийцарш, очеркаш сих-сиха  зорбане  юьйлу республикански газетийн,  «Орга» альманахан, юкъарчу  гуларийн агIонаш  тIехь. Дуьххьарлера  «Хьо  вац  сан да»  книга зорбане  елира  1966-чу  шарахь. Цул тIаьхьа  цо  арахоьцу  иттех  сов   прозин  книга: «ГIалат» (1969 ш.), «Цхьана буьйсанна» (1979 ш.), «Пондаран тIаьххьара  аз» (1984 ш.), «Лаьмнашка  некъ» (1987 ш.), «Кхайкхаза хьаша» (1989 ш.), «Зойрбекан  шовда» (1980 ш.), «Сатабай» (1994 ш.), «Цакагбелларш» (трилогин хьалхара  книга,  2008 ш.). «Юхадерзар» (трилогин шолгIа книга, 2012 ш., зорбане яьлла автор кхелхинчул тIаьхьа). Халахеташ делахь а, трилоги  юьззина  зорбане  яккха  ца ларийра  яздархо – цуьнан  кхалхар  хилла  2010-чу  шарахь.

 

№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: