Волгоградски областерчу Волжск гIалахь хилира WSF каратэхула Машаран кубок яккхаран 5-гIа чемпионат. Цигахь дакъалецира ворхI пачхьалкхерчу 420 спортсмена. Нохчийн команда Шела гIалахь хиллачу Ерригроссин турнирехь къастийначу Россин вовшахтоьхначу командина юкъахь яра.
– Оха дика кечам бинера къийсадаларшна, – дуьйцу Нохчийн Республикин хьакъ волчу тренера Сулейманов Руслана. – Спортсменаш кечбарна юкъаозийра латаран «Беркут» клубан тренер Сулейманов Шемал. Оха хьегна къа эрна ца дайра. 2015-чу шеран Машаран кубок яьккхира Арсанукаев Iумара, Кагиров Iаьрбис, Астамиров Ахьмада, Мацалгов Мохьмада; дато мидал яьккхира Сулейманов СайфуллахIа; ткъа йоьзан мидалш Альбигов Исламана а, Аюбов Тимурана а кхечира.
WSF каратэхула Машаран кубок яккхаран къийсадаларш чекхдовлуш, Нохчийн Республикин каратэн федерацин президентана Сулейманов Русланна совгIаташ а, 2015-чу шеран Россин спортан каратэн Федерацин тоьлашха волчу векалан диплом а делира. Руслана баркалла элира къийсадаларшкахь толаме кхачарна йоккха хазна юкъайиллинчарна.
WSF каратехула 2016-чу шарахь Польшехь хир йолчу чемпионатехь кхин а баккхийчу кхиамашка кхача ойла йолуш ду тхо, – бохура Сулейманов Руслана.
С.ЛАЛАЕВ
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо