Iамадо вуониг дIататта

Масех де хьалха Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон къоман политикин департаменто Хьалха-Мартан районан культурин цIийнехь дIаяьхьийра кегийрхой кхетош-кхиорна лерина семинар-практика. Иза министерствоно вовшахтоьхнера  Хьалха-Мартан администрацица цхьаьна.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон МСУ-ца а, Iедалан органашца а болхбаран отделан куьйгалхо Эдилсултанов Хизир, Хьалха-Мартан районан Администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель Исрапилов ШахIид, Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу УФСКН-н профилактика яран декъехь йолчу ведомствошна юкъахь цхьаьнагIуллакхашдаран тобанан куьйгалхо Гайраханов Мовла, МогашаллаIалашъяран министерствон СПИД-центран профилактика яран отделан заведующи Абдулкадырова Залина, Нохчийн Республикин МВД-н экстремизмана дуьхьалояран отделан куьйгалхочун заместитель Эльмурзаев Шемал, Нохчийн Республикин халкъан поэт Яричев Iумар, иштта районан ярташкарчу маьждигийн имамаш.

Хууш ма-хиллара, тIаьхьарчу хенахь интернет чохь а, тайп-тайпанчу социальни сеташкахь а яьржина ю, кегийрхой Iехорхьама чу кхийсина экстремизмех а, вахабизмех а лаьцна видеороликаш. Кхузахь вовшахкхеттачара дийцира оцу зуламех муха ларвала веза а, цунах гена муха вала веза а.

«Тахана вай кхузахь цхьаьнакхетар а, кхечу ярташкахь кху тайпана еш йолу мероприятеш а йина алийтархьама еш яц. Тхан коьрта Iалашо ю галваьлларг нисвар, иза нийсачу новкъа ваккхар. Россин Федерацехь вайн республика бен яц экстремизмех болу хаам интернетчуьра оьцуш. Массарна а хууш дацахь а цу кепара йолу видеороликаш яржаяхь административни г1уда тухур ду, цул сов уголовни жоьпалле а озор ву», – дийцира Эльмурзаев Шемала.

Гайраханов Мовлас хьахийра Нохчийчохь хилла ца Iаш ерриге Россехь цигаьрка а, насвай а, энергетически маларш а дохкарехь хуьлуш долчу кхачамбацарех лаьцна.

«Арадаьлла юкъараллин меттигашкахь томка оза ца магош долу закон. Ткъа и закон лар ца дечунна билгалдина г1уда ду. Тхо болх беш ду Нохчийчуьра энергетически маларш дIадахарна тIехь, хIунда аьлча, иза молуш волчунна цо могашаллина доккха зулам деш хиларна. Иштта насвай ца йохкийтарна тIехь а къахьоьгуш ду тхо. Краснодаран крайхь насвай юхкуш цхьа а меттиг яц. Вай цаьргара масал эца таро ю».

СПИД-х хуьлучу бохамех лаьцна а дийцира цхьаьнакхетарехь. Абдулкадырова Залинас билгалдаьккхира Хьалха-Мартанан районехь 117 стаг ВИЧ лазар кхетта хилар. Ткъа уггаре вуониг иза цара шаьш цомгаш буйла чохь ца хаийтар ду. ХIунда аьлча дай-наношна а, юкъараллина а шаьш хийра хетарна кхоьру уьш.

Билгалдаккха догIу, цу кепара цхьаьнакхетарш вайн республикехь хIора кIиранах д1ахьош хилар. Цигахь кегийрхошна Iамадо вуониг дIататта а, дикачуьнца гергарло лелон а.

А.АБДУЛАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: