Къахьегаро кхиамашка кхачийна

Нажи-Юьртарчу Iаларахь дехачу ДадулаевгIара Мохьмада а, Зулайс а боккха доьзал кхиийна. Оьзда, гIиллакхе кхиийна, новкъа даьккхина цу шимма пхи йоI, кхо кIант. КIенташна юкъахь воккхах волу Дадулаев Iела Шелковски районерчу Шелковски станицехь шен долахь йолчу клиникехь стоматолог ву.IMG-20151223-WA0001

   Iелин да Дадулаев Мохьмад Iаларой-Эвларчу юккъерчу школин директоран дешаран декъехула заместителан а, нохчийн меттан, литературин хьехархочу а белхаш бина ву.  Доьзалан дуьхьа шен са а, дегI а ца кхоош, къахьоьгуш,  Деле доIица уьш боьхуш, еха нана Зулай.

1998-чу шарахь Iаларара юккъера школа кхиамца чекх а йоккхий, Дадулаев Iела оццу шарахь деша воьду Соьлжа-ГIаларчу медицинин колледже «Цергийн лор» говзалла караерзо. Жимачохь дуьйна цергийн лор хила лууш волу Iела, дика дешарца а, гIиллакхца а къаьсташ вара студенташна юкъахь. 2003-чу шарахь кхиамца колледж чекхйоккху кIанта.

Хьалха дуьйна Шелковски районерчу Новощедрински станицехь вехаш а, школин директоран болх беш а хиллачу девашас Дадулаев Ахьмада дешна ваьллачул тIаьхьа ша волчу дIавуьгу Iела. Ахьмадан беркатца кIентан аьтто хуьлу стоматологан Баймурадов Жамаилан долахь йолчу клиникехь практика ян. КIентан оьздангаллех, къинхетаме, гIиллакхе хиларх бIаьрг буьзначу Жамаила, Iемина ваьллачул тIаьхьа дIа а ца вохуьйтуш, шеца болх беш сацаво иза. Ялх шарахь, вовший накъосталла а деш, цхьаьна къахьоьгу цара.

Таханлерчу дийнахь шен долахь йолчу стоматологин клиникехь, шен масех белхахо а волуш, хьанал къахьоьгуш схьавогIуш ву I.Дадулаев. Кегийрхой Iамош а ву иза. Цуьнца болх беш цуьнан ваша а, шича а ву. Шелковски районехь говза стоматолог ву аьлла цIе яхана ву Дадулаев Iела. ТIеоьхуш долу адам дукха хиларна, цхьайолчу хенахь буьйса юккъе яххалц болх бо цо.

I.Дадулаев шен хIусамненаца Асетаца Шелковски станицехь цIенош дина, йоккха беш а йолуш, вехаш ву. Шегара гIо оьшучунна даима йиллина ю цуьнан хIусаман неI.

Л.ДАУТОВА

Авторан суьрта тIехь: Дадулаев Iела

№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: