Нехан бIаьрг бузош

Вайн къоман зударий, дукха хьолахь, собарна, ийманна, хьекъална масал хилла даима а. Ас ца йийцича а евза, Iамаран Заза а, Дадин Айбика а, церан могIара зударий а, девза церан хьуьнарш а. Цаьргахь хилла хьуьнар-доьналла ца оьшу тахана нохчийн юкъараллехь бехачу вайн зударшна, амма муьлххачу а замано дохьу турпаллин гIуллакхаш оьшу денош. Цунна тIедоьгIна аьлча, дицдалаза ду, тIеман шерашкахь  вайн зударшкахь хилла хьуьнар-доьналла. Иштта, гена кхевдина со дийца воллучух, цакхетарш алссам хир бу зударшна юкъахь. Сох нийса кхетарш а хир бу – зударий а тIехь. Олуш цатахь а, зудчунна тIе зуда ялорах, ду сан къамел. «Зударий безачу стеган хабар дара иза-м, масал хилла дIахIотта йиш йолуш дац»! – ала тарло кху къамелах лаьцна. Шекойоцург цхьаъ ду: хIора а доьзалехь шен-шен бахьана ду ишттачу хиламан.  Соьга хаьттича, ца довзийта йиш-м яц СемаIашкахь ехаш йолчу, зумсочун Махьмаллин Салманан йоIа Сацитас динарг, юьртахошна хаарал сов,  дикачу гIуллакхан а  иза масал хиларна.

 Шовзткъе итт шарал тIехъяьлла зуда ю Сацита. Каде, хьуьнаре хилла ца Iаш, чохь а, арахь а лелон дезарг а, цадезарг а дика девзаш ю. Ткъа уггаре а чIогIа цунах нахана тайнарг, иза шен хIусамдена муьтIахь хилар ду. ХIусамден когаш юккъехула яьлла бен, ялсамане яха йиш яц, боху бусалба дино зуда. Сацитас и даггара къобалдо, ша а лору шен хIусамда, нахе а лоруьйту. Тайп-тайпана хаза хIуманаш дуьйцу СемаIашкахь цунах а, цуьнан цIийндех Хьамадах а лаьцна. Цхьадерш шайгара тIедетташ, хаздеш дуьйцуш хила а мега цара. Къаьсттина божарша, хIунда аьлча шайна тайнарг гуттар а даздан Iемина бу уьш. Церан диканан а, вуонан а шайн барам хуьлу. Зударийн–шайн. Цундела, хийла ден кхетам галбаьллачу хIокху чолхечу заманахь, харц-бакъ къестон хIуьттур дац вай. Хьеннан бакъо ю аьлла-м хета, дика адам хасто а, осала я харцдерг Iорадаккха а. Аьшпех ларвелчахьана. Уьш буьттург, ма-хаъара, шен умматах вац аьлла вайн Пайхамаро(I.с.в.с.) ХIун ду ткъа хIокху зудчо СемаIашкахь, цул арахьа, оццул гIарадолуш динарг? Шен хIусамдена, яхна ша захало а дийцина, зуда ялийна-кх Сацитас! Ткъех шо шел жима йолчу цунна, нийса накъост  хилла дIа а хIуттуш. Зудчо а, эмгаро а лелон дезарг дIахаийтира цо ша ялаяйтинчу Асете. Цхьа йоI бен доьзалхо воцуш, къанлуш вара 54 шо долу Хьамад. Шен ворхIе ден цIе евзаш, ламаз-марха лелочу нахах схьаяьллачу Сацитина ца лиира иза тIаьхье йоцуш вуьсийла. Ала деза, атта цахилира нускал лаха а, берта далон а. Теркайисте а кхечира хIара цу Iалашонца, ша-шех цецъюьйлуш, къамелаш дан дийзира. «Даггара билхинчу бIаьргех цIий долу», – аьлла вайн дайша. Захало а кхочушхилира, Дала аьтто а бина. Шеца а, Хьамадца а тарлур йолуш, гIиллакх-гIуллакх хууш зуда карийра, тIаьххьара а Сацитина. Ткъе кхойтта шо долу жима зуда.                                                                                                       Деккъа ши адам вовшахкхетар хилла ца Iа, маре яхар, я зуда ялор – керла гергарло кхоллар ду и. Цхьадика, захалонан оцу агIонах дика кхеташ хиллера эмгаран верасаш а: хьуьнаречу зудчун хьакъйолу юьхь йира цара. Юьртарчу къаноша а дира гIо, цо арадаьккхина гIулакх ма-дарра къаста а дина. Амма коьрта бахьана, Сацитин доггаха лелар дара, иза дика кхетара, шайн цхьаъ бен йоцу йоI маре яхча, «байлахь» дуьсург хиларх. Дахарехь дика а, вуон а гинчу цунна хаьара, кIант воцчу цIийндена базлуш болу бала, шена а базлур буйла. Хьамадан керта нускал доьссича, шен вешина зуда ялийча санна, хьаьвзира иза. –Дала сий дойла хьан, Асет, – аьлла, эмгарна мараиккхира Сацита, гергара нах а, лулахой а цецбохуш. – Кхано ловзар а, кхидерг а дIадирзича, цхьабарт бан беза вайша. Хьуна тIехь дерг хьайн биъ пен а, цIийнда а лелор ду. Ков-керт цIена латтор а, даьхни кхабар а, ахь соьгахь дита деза… Цуьнга кхин цхьаъ а дIахьедира: Хьамадан кертахь шена кIант везар. Бина барт а бохош, цо йоI йича, кхин йоьхна а ца хьаьвзира. ХIинца пхи бутт кхаьчна йолу Раяна, цунна уггаре хьоме а, ца хилча йиш йоцург а хилла. КIант а хир ву Далла лаахь. ЦIийндена зуда ялийна боху цIе езаш йоцчу Сацитина, Асет шена а, Хьамадана а накъост хилар гIолехь хета. Иза шаьшшинна веза а, бехке а вуйла хаьа. Цхьаболчу юьртахоша тамаш ца бира ХьамадгIаьргахь нисделлачух. – Шена накъост карийна Сацитина, – элира. – Эцца даьлча, йиъ зуда ялон бакъо елла-кх Дала къонахчунна. Харц дац иза а – ала атта ду. Ткъа дан дезачу тIедаьлча… ХIусамнана стенна юьйцу, цо бинчу доьзална а новкъа хуьлу эмгар. Вайн чохь а хьахаделира и гIуллакх. Зудчо хIумма а ца элира. ЙоI «чухахкаелира»: – Мама! Папас и санна дерг дой, хьо нускалх латалахь. Ас кхуьнан болх бийр бу хьуна! Хьаъа, хIуъа дийцарх а, цу тIе даьлча наний, доьзаллий цхьаъ хуьлу. Бераш дацахь а, ду иза хала декхар: цхьана зудчуьнца балуш, ца балуш болу барт, шина зудчуьнца бан дезар. Ткъа коьртаниг – цаьрца нийса чекхвалар, эхарт лардан. Зудчунна цIийнда санна, цIийндена зуда а ма ю бехке, дерригенах а жоп дала ма деза вай, цхьана дийнахь! Хьамадан доьзалан декхарш алсамдевлла, делахь а, со теша: оццул болчу нахе шаьш яккхийтина цIе царна ларъян а хуур ду. Хаа-м деза. Ас лакхахь ма-аллара, атта декхар дац цара шайна тIелаьцнарг. Масех зуда йолу нах – «дика кIентий»! – цкъа а ца хиллачу кепара дукха бу тахана вайн махкахь, хьаькамашка а, хьоладайшка а-м кхабалур бара уьш. Мискачу стагана кIезиг хIума дац–ши зуда. Церан барт ца хилахь, хIетте а. Амма сан шеко яц, Сацита Хьамадан кертахь мел ю, и бахьана долуш, керлачу кепе йирзина доьзалан юкъаметтиг галъер ю аьлла. Йилбазлерг къора хуьлда, къонахчо ялийна зуда юьтуш а, дIайоьдуш а хуьлу. Зудчо ялийнарг дIаяха декхар дац…

 Б.ШАХМУРЗАЕВ

 

№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: