Дика масал

ДIасадоьлхучу хенахь дукха го вайна дайн хазачу гIиллакхашца догIург а, халахеташ делахь а, цадогIург а. Къаьсттина хазахета мехкарша а, кегийчу наха а шайгара гIиллакх гайтича.

    Старопромысловски район Соьлжа-ГIалахь уггаре а йоккха хиларе терра, алссам адамаш ду цигахь дехаш. Иштта, тайп-тайпана организацеш, корматаллин юккъерчу дешаран заведенеш, школаш, берийн бошмаш, садаIаран паркаш  ю Старопромысловскин некъаца. «Беркат» автостанцера цига йоьдучу №4 йолчу автобусца, къаьсттина Iуьйранна а, суьйранна а, дIасаваха мел хала хуьлу хаьа цигахь Iаш волчунна. Охьахаа меттиг хилар-м дуьйцур а дацара, дIахIоьттина ваха аьтто хилча а доккха хIума хета. Цу тIехь хиъна Iачарна юкъахь воккхачунна меттиг луш берш кIезиг нислахь а, лаьтташ йолчуьнгара тIоьрмиг схьаоьций, бераца цхьаъ хьалаяьлча цуьнгара бер схьаоьций я иза охьахоуьйтий, гIиллакх хIоттадо дукхахболчара. Цкъацкъа автобус тIехь болчарах некъах яла еза ял дIалуш берш а хуьлу. Вай ца буьйцу шена дуьхьалкхеттачу вевза-везачух догIург дIалуш берш. Дукха хьолахь, мила ву ца хууш волчу стага автобус тIерчу массарех ахча дIалуш меттиг а нисло…

Цхьана суьйранна оцу автобусца цIа доьлхуш дара тхо. Массо хенахь санна, йоьттина яра иза, дукхахберш зударий а, мехкарий а бара. Жимма дIадаханчул тIаьхьа, цхьана социйлехь жима стаг велира автобус чу. Цунна тIерачу духарца а, коьртахь йолчу песаца а, юьхь тIерачу басца а гуш дара стаг ийманехь, оьзда хилар. КIезиг миноташ евлча, шен комаьршалла а, гIиллакх а гайтира цо.

Хьалхарчу неIарех хьалаваьлла иза, ламеш тIера кхин сехьа ца волуш, циггахь сацавелира ша воьдучу дIакхаччалц. Гуш дара зударшна юккъехула сехьавала цуьнан гIиллакхца догIуш цахилар. Масех социйла дIадахча, кисанара даьккхина ахча шена уллохь лаьттачуьнга дIа а кховдийна, меллаша, «массарех дIаэца, алахьа», – элира жимачу стага.

Автобусан водитела, шега ахча дIаделлачул тIаьхьа, мохь туьйхира: «Цхьаммо а кхин ахча схьа ма лолаш, хIокху жимачу стага схьаделла шух!», – аьлла. Массара, кар-кара а оьцуш, «Дала сагIадойла хьан ахча! Дела реза хуьлда хьуна!» – элира жимачу стагана. Цхьаволчунна кIезиг хIума хета а тарло иза, амма оцу стага шегара гайтина гIиллакх оьздангаллин а, комаьршаллин а масал дара.

 

Л.ИБРАГИМОВА

 

№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: