Ненан весет

Нанас, Iожалла герга кхаьчна хилар хууш, кханенан ойла еш, шен дагахь дерг достуш, доьзале къамел долийра:

«Сан хьоме кIант, йоI, сан доьзал. Со къанъелла. Цхьана дийнахь гур ду шуна со леларх яьлла, сайн дегIана доладар доцуш, гIорасиз йисна. Схьахетарехь, и де  генахь дац. Ас доьху шуьга, тIаккха со дIацатасар, сайх кхетар, сайн ойлаяр, къахетар, сайна букъцатохар, жимма мукъана а, аш сайна тидам, терго яр.

ДегIера ницкъ эшна, куьйгаш лехна, юург-мерг со сайна тIеIено яьлча, сайна тIера бедар хийца, кхиерг тIеюха де доцуш  йисча, дагадаийталаш, ас мел самукъадолуш, дукха дезаш, шух йоккхаеш Iамийра шуна хIумаяа, бедар тIеюха, тIера дIаяккха, шайна тIехь цIена лела… Соьга-сайга хIума ца далуш, сайн дегIана доладар доцуш со йисча, собаре хилалаш соьца.

Къаналла, лазар, шена безачех, ша везачех къастош, дахаран йист хIоранга а кхочург хилар хаалаш.

Шун багахь дуьххьара церг гучуяьлча моьттура, дерриге а дуьне сайн доладаьлла, ткъа аш хьалхара ког боккхуш хилла йолу дог-ойла, дуьххьара НАНА боху дош шун багара даьлча, дагна хилла болу кхаъ…!? Маржа-яI, дуьне, ма зама хиллера и! Ткъа хIинца, и тайпа кхаъ хилийталаш шайна, сайн дегIана кIеззиг мукъана а соьга долададаларх, аш со ийъан а ца езаш, со-суо гIаттаяларх, гIорасиз елахь а, сайн бете куьг дахьадаларх. Оццул а со йоцуш хан а хир ю шуна.

Нагахь санна, соьгара хьекъале доцург далахь, дела ма делалаш сох, цул а, сан хьекъал, кхетам, бIаьргийн нур шаьш хилар дагалацалаш, гIо делаш суна, кхетамехь сеца, галдаьлларг ца дийца. Нийсонна, бакъдолчунна тIе тетталаш со.

Ас шу кхета ма дина, Iама а ма дина дуьненахь муха даха деза, хьарам-хьанал къасто… ас ма дуьйцура шуна Делан динах, къематдийнах лаьцна…

Ас къамел меллаша дарх, гIел ма лолаш соь ладоьгIуш, сан къамел меллаша хиларна, мотт тийсалуш дерриге а кхетош цахиларна, сан кхетам кIезиг хиларна, иэсах со йийларна, бехк ма биллалаш суна. Сан дерриге а ирс, шу сайн хилар, со шуьца, шу соьца, тахана шу сайна гуонах хилар, вай цхьаьна мерза йоккху хан-зама юй хаалаш.

ДегIехь гIора доцуш, когаш чохь ма-хетта са доцуш, сан болар галдуьйлуш хилахь, кIеда-мерза хилалаш соьца, шун куьг а лаьцна, аш ког моссазза боккху, дагах гилгаш а дуьйлуш, шу кога даххалц мел дукха лелийна ас шу … Эхь ма хеталаш тIаккха сан куьг лаца. Кхана шу а лелар ду шуна шайн куьг лаца стаг оьшуш, гуонах иза лоьхуш.

Хаалаш, со дахарна дуьхьал йоьдуш яц, шу санна, мелхо а, цунна букъ берзийна, кхера а ца кхоьруш, Iожаллехьа некъ беш ю.  Йиснарг дукха хан яц, дIахьаьжча гуш ю цу некъан чаккхе. Цундела, оцу некъан йисте со дIакхочуш, шу соьца хилалаш, суна дуьхьал а ца хуьлуш.

Сан гIалаташ ма лералаш, дага ма лецалаш уьш. Хаалаш, шайна диканиг бен цкъа а суна лиъна доций. Тахана аш шайн ойла йичахьана, цунах а шу кхетар ду.

Масане буьйсанаш яйъина ас шу кегий долуш, шу кхуьучу хенахь,  кхиъна девллачул тIаьхьа а, шу ирсе дар доьхуш, Деле доIанаш деш, хьесталуш. Цул сов, цхьанхьа даханехь, шу могаш-маьрша, сайн бIаьрга хьалха хIитталц, синтеме йоцуш, чу-ара юьйлуш, дагах ов детташ, дегIах цIе леташ!?

Сан доьзал, хаалаш, аш хIинца суна дендолу диканаш, сан кхачамбацаршна гечдар, сан ледарлонаш хьулъяр дуйла. ТIаккха Дала шуна а гечдийр ду, шун ледарлонаш къайла а хьур ю. Да-нана резадар доьзалан коьртачех декхар хилар а хаалаш!

Шу дуьнен чу  девлчахьана, со шуьца ма хилла, шу соьца а хилалаш со яла йижча, со дуьненах йолуш,  эхарта йоьрзуш. Деле суна гечдар доьхуш, яккхалаш со бехачу новкъа, сан лахьта нуьре дар а доьхуш, кховдаелаш бакъдуьнене…

Со дIаяьллачул тIаьхьа а, вовшашна юккъера барт-марзо ларъеш, Делан динах, къоман оьздангаллех ца херлуш, вайн сийлахьчу Даймахкахь дахалаш! Хаалаш, Даймахкахь шайн дайн сийдарца бен хилла бац шуна вайн къоман тоьлла къонахий, оьзда наной…!»

Хьоме йижарий, вежарий! ХIун ду-те ненал вайна хьоме а, бехке а!? Цхьажимма ойлаейша!

ХIорамма а хьестийша наной, дагара дийцийша цаьрга, церан дагахь долчух кхетархьама! Ларбейша вайн хьоме дай-наной!

Шаьш дай-наной мел дукха хьистинехь а, кIорда ма делаш! Кханенга дIа ма тетталаш уьш хьестар, церан дагара хаар!  И кхане-м ца хила а тарлой! Сихо е, уьш болччуьра маракъовла! ГIоле ду шуна, кхана байттамал бохучул…!

Я АллахI-Дела, гечдехьа сан мискачу ден-ненан къиношна, хIорда тIера чопанал дукха уьш делахь а! Хьайн доза доцу къинхетам бехьа царах, со жима волуш цара сох ма-барра! Ван ма-веззара, Хьуо цхьаъ вар лохьа тхуна, Я АллахI-Дела!

 

Альтамиров 1арби    

 

№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: