Бехха некъ эцна воьдуш хилла имам Ахьмад. Арахь Iаржъяла йоьлла. ХIара цхьана юьрта кхаьчча. Кхузахь кхунна вевзаш, я хIара вевзаш стаг а ца хилла. Юьртахь буьйса яккха соцур ву ша аьлла, ойла хилла Iеламстеган.
Жимо маьждиг гина Ахьмадна. Цу чу а вахана, салават а диллина, набарна дIатовжа дагахь, хIара охьалахвелча, цIеххьана чувеанчу маьждиган хехочо хаьттина:
– ХIей, хьо хIун дан гIерта?
– Набарна дIатовжа воллура со-м, – жоп делла Ахьмада.
– ХIара набъен меттиг яц, – аьлла хехочо.
Хехочунна хууш ца хилла хIара имам Ахьмад вуйла, я Ахьмада а ца вовзийтина ша. Вевзича, цхьа а шеко йоцуш, хехочо маьждиг чохь вуьтур волуш хилла хIара. Амма хIара шен цIе а, Iилма а кхайкхочарех вацара.
Юха а хехочо тIедожийна:
– Аравала маьждиг чуьра!
Цхьажимма яйтий а, набъяйтахьара шега, аьлла, дехна имама.
– ХIан-хIа, ахь кху чохь наб йийр яц, иза тхуна дихкина ду, дIагIо! – аьлла, Iеламстаг маьждиг чуьра араваьккхина хехочо.
ТIаккха имам Ахьмад маьждигна уллохь лаьтта дIатевжина. Хехо юха а тIевеана цунна:
– Хьо хIун деш ву?
– Кхузахь дIатевжинера со-м, маьждиган неIарна уллохь, – кхуо аьлча:
– НеIарна уллохь а мегаш дац дIатовжа, – олуш, оццу хехочо, такхийна некъа йисте дIаваьхьна хIара.
Оццу хенахь имам Ахьмад гина кхана датта дезачу баьпкана бод хьакхош волчу цхьана стагана.
– Схьавола соьца, со волчу гIур ву вайша! Кху чохь йовха а ю, садаIа аьтто болуш чоь а ю, тховса сайн хьаша вийр ву ас хьох! – аьлла, кхунах къа а хетта, тIевеанчу пурнхочо (пекарь).
Хьала а гIаьттина, пурни чу вахана волу имам, оцу стеган а, цо лелочун а тидам бан воьлла. Бод хьакхош волчу цо, шен куьг ша меттах мосазза доккху, «АстагIфируллахI» олуш хилла. Оцу стагана а ца хаьара, шена юххехь верг имам Ахьмад вуйла. Хьалаайбавеллачу Ахьмада хаьттина:
– Дукха хан юй ахь иштта олуш долу?
– Iаламат дукха хан ю, – жоп делла вукхо.
– Ахь иштта аларца доьзна цхьа а беркат гучудаьллий хьуна? – хаьттина Ахьмада.
– Гучудаьлла.
– ХIун ду иза?
– Сан дерриге а доIанашна Дала жоп ло, цхьаъ доцчунна! – аьлла белхахочо.
– Ткъа муьлхачу доIина жоп делла дац хьуна хIинца а? – шега хаьттича, пурнхочо аьлла:
– Сайн Деле даима, имам Ахьмад ибн Хьанбал цкъа сайна бIаьрга гайтар, доьхуш ву со!
– АллахIу Акбар! АллахIа хьан оцу доIина а жоп дели. Со имам Ахьмад ибн Хьанбал ву, АллахIа нуьцкъашха такхийна хьуна тIе валийна волу!!!
ДIаяздинарг – А.ГАЙТУКАЕВ
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо