Iилманехь совбохуш…

Кишин Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетан хьехархоша Веданан рузбанан маьждигехь кхаа дийнахь дIабаьхьира районерчу яртийн маьждигийн имамийн Iеламнехан, школашкахь бусалба дин хьоьхучу хьехархойн Iилма лакхадаккхаран курсаш. «Къаьмнийн а, динийн а юкъаметтигаш чIагIъярехь суфизман а, Нохчийн Республикин Iеламнехан а маьIна. Исламан синан а, социально-оьздангаллин а бехкамаш» цIе йолчу программица дIадаьхьира и мехала гIуллакх.

   Иштта, Нохчийчохь дика вевзаш волчу Iеламстага, лакхахь хьахийнчу университетан «Исламан бакъо» кафедрин заведующис Баснукаев Хьасан-Хьаьжас дийцира бусалба динехь доьзалехь вовшашца хила йогIуш йолчу юкъаметтигех лаьцна. Iаламат мехала ду нохчийн доьзалшкахь уьш йовзийтар а, хилийтар а. Цунна хир дара маьждигийн имамаша а, школашкарчу хьехархоша а Iеламстага бечу хьехаме леррина ладогIар. Цуьнан къамел чекхдаьлча, цуьнга дуккха а хаттарш дира цара. Баснукаев Хьасан-Хьаьжас церан массо а хаттарна кхачам боллуш жоьпаш делира. Юккъерчу барамехь 150 сов стаг вара хьехамашка ладогIа веанарг. Цара даггара баркалла, Дела реза хуьлда элира Кишин Кунта-Хьаьжин цIарахчу университетан хьехархошна шаьш долчу дахкарна, шаьш Iилманехь совдохуш, шайца къамелаш дарна, хьехамаш барна.

Билгалдаккха деза оцу университетан хьехархой и санна болу белхаш Нохчийчоьнан ерриге а районашкахь дIабахьа дагахь хилар. Дала къобалдойла церан нийят. Дала тIаьхье беркате йойла.

С.ХАМЗАТОВ

 

№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: