Вайн къам махках даккхале Олхазар-КIотарахь яьхна Ахмадова Хьовраъ. Дийцарехь, цуьнан да Асхьаб шен 90 шо долчу хенахь а, жима стаг санна, говрахь лелалуш хилла. Говраш чIогIа дукхаезаш а, шен къаналле хьаьжна доцуш, дика лелош а хилла цо. Иза 101 шарахь ваьхна хьекъална эшна а воцуш, шех ала дика дош а дуьтуш. Шен берийн берашна а, шайца комаьрша хилла хиларна, дагавогIу иза. Хьовраан дахар а хилла цу хенахь а ирсе. Ткъа цуьнан ненах Хьавах дерг аьлча, – иза шен дечу Мусла-Хьаьжичух тера амал йолуш хилла. Хьахийначуьра билгалдаккха лаьа Мусла-Хьаьжа ворхIазза гIаш ХьаьжцIа вахана а, Маккахь дIавоьллина а хилар.
– Шен дегара Мусла-Хьаьжера схьаэцна къонахчун амалш яра тхан ненан Хьаван – дуьйцу ХIовраа, – бусалба дин чIогIа лелош а яра. Со хаъал хилчахьана ша дуьненах дIакъастталц тхуна Къуръан а доьшура цо, хьехамаш а бора. Со йоккхае цо тхуна Iамийначу Дела реза хинволчу мехалчу гIуллакхех а. Халахеташ делахь а, ма-лаъара марзо эца дукха ца лаьттира тхуна Нана. Иза шен 48 шо долуш, вайн къам Даймахка цIа дерзале Казахстанехь кхелхира. Тхуна даима дагахь лаьттар ду цуьнан хьоме сибат. Тхо диъ бер ду ден-ненан: Iайндий, Iумаррий, Iайнаъий, сой. Даима а цунна улло а хIуьттий, гIо дан гIерташ хуьлура тхо цо гIуллакхаш дечу хенахь. Тхайга цунна гIо ца далуш меттиг нисъелча, новкъа а догIура. Амма, Нанас хьаста а хьостий, дог тедора, шу хIинца а кегий ду, жимма даккхий хилча далур ду шуьга суна гIо, олий.
Казахстанехь бедарш тоьгуш болх бина Хьовраан нанас Хьавас. Казахийн зударшна тайп-тайпана бедарш тоьгуш ахча доккхуш хилла цо. Ткъа дас Асхьаба хехочун болх бина. Цигахь шина шарахь бен ца лаьтташ дIаелира Хьава.
«Нана кхелхинчул тIаьхьа, керла зуда ялийра оха тхайн дена Асхьабана. И зуда тхуна чIогIа дика адам а хетара. Цундела дегазло йоцуш дира оха и гIуллакх. Ларам а бара цуьнца.
– 1954-чу шарахь сайн 19 шо долчу хенахь нехан цIентIе яха дийзира сан. Аренаш лелош белхаш а бира. Марнана цомгаш хилча, цуьнан кегий бераш лело ницкъ а кхечира, Делан къинхетамца. 1957-чу шарахь вайн къомана цIадахка маршо яьлча, ши доьзалхо а валош цIайирзира со х1усамдеца цхьаьна. Хьалха-МартантIехь даха хевшира тхо, юьртан бахамехь болх а беш. Амма, цхьа хан яьлча, юха а хийцира Iер-дахаран меттиг. Iалхан-ГIалахь даха хевшира. Ас хьалха зIакардаьхни лелош болх а бинера цигарчу фабрикехь.Х1усамда Аргунерчу «Шалински» совхозехь вара болх беш. Доьзалхо пхиъ вара тхойшиннан цу хенахь. 1974-чу шарахь жижиган комбинате балха яхара со. Арахь Iаржяллалц оцу балха т1ера цIа йогIийла цахиларна дIаелира со цигара, тхайна уллорчу бепиг дечу заводе балха а хIуттуш. Берашка деша а дешийтира, – бохура ХIовраа.
Х1усамда Султан 1981-чу шарахь, шен 48 шо долуш, вуон цамгар а кхетта, кхелхина цуьнан. Амма, бераша сингаттаме ца йитина шайн нана Хьовраъ. Цхьа а ваша я йиша а ца йисина цуьнан, амма, иза цхьалха яц. Цуьнан хIинца шуьйра гуо бу, ша ирсе хеттал. Хьовраъ йоккхаерца еха шен берашца а, берийн берашца а.
И.МАТАГОВ
З. Базуркаеван суьрта тIехь: Ахмадова Хьовраъ
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо