Къийсаман керла кепаш юкъаяло еза

   Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон Терроризмана дуьхьало яран комиссин белхан тобанан цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Иза лерина дара Нохчийн Республикехь хаамийн а, пропагандин а гIуллакхаш дIакхехьар цхьана хорша дерзорна.IMG_2137

   Комиссина юкъавогIу Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Республикин бусалбанийн динан урхаллин, бакъонаш ларъяран органийн, кхийолчу министерствийн, ведомствийн векалш.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Iедало а, шуьйрачу хаамийн гIирсаша а, Iеламнаха а, иштта кхечара а бусалба дин харцдеш, сийсаздеш йолчу идеологина дуьхьало яран гIуллакхаш.

Умаров Джамбулата шен къамелехь билгалдаьккхира, комиссин декъашхоша масех некъаца кхоччуш Iалашонаш билгалъяха езаш хилар. «ИГИЛ» олучу тобанна юкъа вайн кегийрхой кхойкхучарна а, иза царна марзъечарна а къаьсттина дуьхьало ян еза вай. Суна луур дара, хIара вайн Iалашо аш кхечаьрга дIакхачайойла», – элира министра.

Д.Умаровс билгалдаьккхира, Нохчийчоьнан шуьйрачу хаамийн берриге а гIирсаша оцу декъехь болх цхьана хорша а берзийна, хIинцале а дIахьош хилар.

– Цхьана ницкъаца вайга хIумма а хийцалур дац. Галваьлларг сацор ву, амма иза галваларан бахьана сацалур дац. Тхан цхьа министерство дIагIертарх гIуллакх хир дац. Даймохк безаран а, къоман ламастийн а, цIенчу бусалба динан а буха тIехь вай цхьа идеологи а кхоьллина, иза вайн республикехь а, республикал арахьа а кхочушъян дуьйладаллалц, бусалба динна дуьхьал дIахьош болу болх лахлур бац, – чIагIдира Д.Умаровс.

Министрана хетарехь, нохчийн Iеламнаха дIахьош вуно боккха болх бу. Иза лерина бу вайн кегийнах кхетош-кхиорна а, царна бусалба цIена дин довзийтарна а. Министр тешна ву цара шайн болх нохчийн кегийрхошца бина ца Iаш, кхийолчу субъектийн кегийрхошца а бан безаш хиларх. Цуьнца доьзна Д.Умаровс билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсаша царна цу тIехь гIо дийриг хилар. Цунна хетарехь, вайн Iеламнаха беш болу болх телевиденихула гайтар кхин а алсамдоккхуш, церан хьехамашна оьрсийн маттахь титраш ян еза.

Цхьаьнакхетар дIадерзош Умаров Джамбулата комиссин декъашхошка дехар дира Россин Хонкарца а, Малхбузерчу пачхьалкхашца а йолчу юкъаметтигашкахь билггал меттиг дIалаца, аьлла.

И.ИСЛАМОВ

Суьрта тIехь: Терроризмана дуьхьало яран комиссин декъашхой

 

№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: