Элистанжара тоьлла куьпанхо

Кху шарахь Нохчийн Республикехь уггаре а тоьлла куьпан инспектор къастош кхаж тасарехь хьалхара меттиг яьккхира Далаев ИсмаьIала. Цуьнгахьа кхаьжнаш тесира интернет харжамашкахь дакъалоцуш болчу цуьнан юьртахоша.

    Далаев ИсмаьIал Веданан районерчу Элистанжахь вина а, кхиъна а ву. 2002-чу шарахь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон, патрульни-постовой службе балха вахара иза. 2007-чу шарахь «физически культурин хьехархо» корматаллица Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт чекхъякхира. Ткъа 2008-чу шеран февралехь Веданан районан чоьхьарчу гIуллакхийн отделан куьпан службин куьпанхо хилира цунах, цу хенахь дуьйна цигахь болх беш ву.

Ша болх бечу хенахь Далаев ИсмаьIала ша жоьпалле а, къепе езаш а белхахо хилар гайтина. Иза дика белхахо хилар гойту цунна еллачу мидалша а, сийлаллин грамоташа а, иштта кхидолчу совгIаташа а.

ИсмаьIална шен балхахь  коьрта кхиам хета, ша болх бечу куьпахь нахаца йолу шен юкъаметтиг а, цара ша лоруш хилар а, шех тешна уьш хилар а. Ша вехачу юьртахь  вевзаш,  лоруш,  сий деш ву ИсмаьIал. Иза лоруш хилар гучудолу динехь а, законехь а ца магийна, корта хьовзош йолу хIуманаш цара лелош цахиларехь.

Цунах тешийначу юьртахь 650 цIа, иштта 2 500 сов вахархо а ву. Дукха  хьолахь а ИсмаьIала шех тешийначу юьртан хIора урамехула чекх а волуш, хIора керта а хIуттуш, хьал-де хотту.

Нохчийн Республикехь «Халкъан куьпанхо» цIе йолу конкурс кхушара пхоьалгIа дIахьош яра. Кхушара оцу конкурсехь дакъалоцуш вара республикера тоьлла 15 инспектор. ИсмаьIалан  дагахь а доцучу кепара, интернет харжамхоша дукха кхаьжнаш тесира цуьнгахьа.

Тахана Элистанжа бахархошна кхерамазалла а йолуш, оьшуш йолу инфраструктура а йолуш, кхуьуш йогIуш юрт ю. Амма иштта гуттар а ца хилла. 2002-чу шарахь ИсмаьIал дуьххьара балха араваьллачу хенахь и юрт уггаре а кхерамечарех цхьаъ яра. Шена кхерамаш тийсарх, кхин юха а ца волуш, шен белхан декхарш хьанал кхочуш а деш, таханлерчу дийне схьавеана.

Дукха хан йоццуш дIаяьхьира ерригроссин «Халкъан куьпанхо» цIе йолу конкурсан финал. Цу конкурсехь дакъа лоцуш вара Россин хIора регионера цхьацца куьпанхо. Царна юкъахь вара вайн махкахо Далаев ИсмаьIал. Бакъду, тоьллачарна юкъахь хьалхара хила аьтто ца белира цуьнан.

М.КАНТАЕВ

 

№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: