«Туризм кхиоран некъа тIе девлла вай. Оцу декъехь вайн дуккха а аьттонаш бу. «Ведучи» а, «Къоьзан Iам» а цIе йолу ши проект ю хIинцале кхочушъеш. Со теша, кестта Нохчийн Республикех Россин туризман туш хирг хиларх», – дIахьедина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Таханлерчу дийнахь, мел чIогIа кхиъна экономика а, промышленность а йолчу пачхьалкхаша а, боккха тидам тIебохуьйту туризмаца доьзначу гIуллакхашна. Цундела, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дина дIахьедар шен бух а, маьIна а долуш хIума ду. Цул сов, шина тIамах чекхъяьллачу вайн республикин экономика а, промышленность а хIинца а кхоччуш меттахIотта кхиъна яц. Цо гойту, цхьаболчарна мелла а ца дезаш хIума иза делахь а, вайн жимачу махкахь, лаккхарчу тIегIанехь терго а латтош, туризм кхио езаш хилар.
Россера а, гуонахарчу пачхьалкхашкара а туристаш денна а богIу Нохчийчу. Цхьаберш шаьш богIу, кхиберш тобанашца богIу. Вайн махка кхачаран некъаш а нисло церан тайп-тайпана: машенца, кеманца, цIерпоштаца. Амма коьртаниг а, со ала гIертарг а, цецвоккхург а иза дац…
ГIарабевллачу яздархоша шайн байташкахь а, илланчаша шайн иллешкахь а хестийначу, Iаламат хазачу махкахь дехаш ду вай.
Со ца кхеташ дерг хIун ду?.. Шайн садаIар Нохчийчохь дIахьошболу нохчий кIезиг хилар. Нохчий этнотуризм езаш белахь, Гермачигара «Шира кIотар» а, Бенара «Шира Бена» а ю. Iаламе бIаьрг тоха лууш белахь, Веданан районера «Къоьзан Iам» цIе йолу туристически комплекс ю. ХIинццалц оцу комплексе ваха-ван хала хиллехь а, хIинца шера а, кхерамазаллин технологешца богIуш, асфальтан некъ бу биллина. Карарчу шеран аьхке йолалуш дIаболийна, гуьйре чаккхене ерззалц дIабаьхьна республикин Автомобилийн некъийн министерствос Веданан районерчу Хорачара дуьйна Къоьзан Iома тIебоьдучу некъа тIе (39 км ца кхоччуш) асфальт билларан а, йистошка кхерамазаллин керташ хIитторан а белхаш.
Къоьзан Iам Малхбалерчу Кавказехь уггаре боккха а, кIорга а, лакхара а Iам бу. Шен барамашца 2 эзар квадратни киллометр меттиг дIа а лоцуш, дешнашца сурт а хIотталур доцуш, исбаьхьа Iам бу иза.
…Я нохчашна лыжийн спортаца доьзна садаIар дезий те?.. Итон-Кхаьллан районерчу Хьачарна гена йоццуш ян йолийна ю «Ведучи» цIе йолу дийнна шарахь лаьмнашкахь лыжаш хехкаран курорт. Цуьнан хьалхара дакъа бахархошна пайдаэца а, садаIа а кийча хир ду 2017-гIа шо долалуш. Ткъа 2018-чу шеран чаккхенехь кийча хир ю нохчийн лаьмнийн курорт. Говзанчаша билгалдарехь, Европерчу тоьллачу лаьмнийн курортийн хьалхарчу 20 курортана юкъахь шен меттиг дIа а лоцуш, бахархошна а, республикин бюджетана а пайдехь проект хир йолуш ю иза.
Иштта, кхузахь хьахо йогIу «Соьлжа-ГIалин хIорд» цIе йолу проект а. Иза кхочушъеш ю Соьлжа-ГIалин БухIан-Юрт поселкехь. Оцу проектана юкъайогIуш ю могашалла Iалашъярна а, садаIарна а, хьешашна чохь Iарна а, самукъадаккхарна а лерина гIишлош. ХIинцале болх бан йолаелла дуьнен тIехь уггаре а тоьллачарех а, йоккхачарех а ларалуш йолу мукъамийн а, серлонийн а чухчари.
Къамел дерзош ала лаьа, карарчу хенахь Нохчийн Республикин Правительство а, Правительствон туризман комитет а, республикехь болх беш йолу турфирмаш а «Нохчийн Республикехь чоьхьара туризм кхиоран» проект кхолларна тIехь къахьоьгуш хилар.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: ЧIебарлойн лаьмнашка боьду некъ
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо