Кхачалуш а, лахлуш а бац Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан цIарах кхочуш долчу дехарийн барам. Царна тIехь боккха сатийсам бу шайна тIехIоьттинчу бохаман дакъалоцург, иза байбарехь гIо хирг хиларан.
Нухажиев Нурдин цIарах кхаьчначу ишттачарах ду вайн махкахочо Мусхаджиев Хьамзата яздинарг а. Векалан пресс-службо бечу хаамца, цо доьху шен кIантана Мусхаджиев Хьамдуллина Москва гIалин Бабушкински районан суьдо хан тухуш йинчу кхиэлана елла апелляци Москва гIалин суьдехь къасточу хенахь нийсо лелаяйтарна тIехь гIо дар.
Оцу кепара дехар даран бахьана хIун ду? Цунна хетарехь, шен кIентан бехк хиларан хьокъехь юьхьанцара бинчу талламан а, суьдан а жамIаш уголовни гIуллакхца билггал доьзна хиллачуьнца цхьаьнадогIуш дац. Цуьнан кIант бехке хилар чIагI ца до суьдан кхеташонехь къастийначу бакъдолчара.
Мусхаджиевн адвоката Г.А.Тутунджяна чIагIдо уголовни гIуллакх юьхьанцара таллар иза бехкеваран агIо лоцуш дIадаьхьна хиларан хьокъехь. ГIуллакх суьдехь къасточу хенахь талхийна уголовни судопроизводствон коьрта принципаш: шен бакъонаш ларъян бехкевеш волчунна бакъо ялар, бехке цахиларан хьокъехь долу бакъдерш хьалха хIитто паргIато хилар, бехке цахиларан презумпци. Адвокато иштта латкъам бо, таллам бар дIахьочу хенахь а, суьдехь а бина таллам а боцуш, хьакъ боллу мах а ца хадош, бехкевар бух боцуш хиларан хьокъехь долу бакъдерш тIелоцуш цахиларан хьокъехь.
Москва гIалин суьде деллачу апелляцин арза тIехь далийна и дерриге бакъдерш хьалха хIиттийра нохчийн Векала Москва гIалин суьдан председателан цIарах ша яздинчу кехат тIехь. Н.Нухажиевна хетарехь, Х.М.Мусхаджиевн заявлени тIехь а, цуьнан адвокатан апелляцин арза тIехь а далийна бакъдерш, нийса мах а хадош, массо а агIор талла дезаш ду. Россин уголовно-процессуальни законодательствоца нийса а догIуш, уголовни гIуллакх тIехь далош долчу хIора бакъдолчун хьакъ боллу мах хадийна хила декхар ду, ткъа гулдина дерриге а бакъдерш уголовни гIуллакх къасторна тоьаш ду-дац хьовса деза. Бехкевеш верг бехке хиларх йолу ерриге а шеконаш цунна пайдехь лерина хила езаш ю.
Нухажиев Нурдис дIахоуьйту, апелляцин арза тIехь далийна бакъдерш хьесапе а эцна, суьдо нийсонан кхиэл йийриг а, бакъоно толам боккхург а хиларх ша тешна хилар.
Л.БАКАРОВ
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо