ХIокху беттан хьалхарчу эхехь Москвахь цхьаьнакхийтира Россин 81 субъектера адамийн бакъонаш ларъяран Векалш.
Мехкан Президентан Администрацин куьйгалло, Россехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала, Россин Президент волчохь берийн бакъонаш ларъярехула волчу Векала, предпринимателийн бакъонаш ларъяран Векала, ткъа иштта Россин Пачхьалкхан Думин председателан заместитела, Харжамийн коьртачу комиссин председатела, федеральни министерствийн а, ведомствийн а векалша дакъа а лоцуш, дIаяьхьначу кхеташонехь доккха хьашт хиларца дийцаре дира адамийн бакъонаш ларъяран Векалша пачхьалкхан органашца йолу юкъаметтигаш чIагIъярехь лелош долу маьIна, церан институт кхидIа а кхиоран некъаш.
Россин Президентан Администрацис вовшахтоьхначу оцу кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала Нухажиев Нурдис шайн цхьаьнакхетарх лаьцна дуьйцуш тидам тIебахийтира мехкан куьйгалхочун дехарца «Россин Федерацехь бакъонаш ларъяран Векалан хьокъехь» долчу законна цхьамогIа хийцамаш юкъабало билгалдина хиларна. Цунна хетарехь, цара таро лур ю Векалан институт алссам йозуш ца хилийта, цхьааллин хьелаш кхуллур ду пачхьалкхан бакъонаш ларъяран органийн болх цхьаьнаэшшара дIабахьа.
– Семинаран-кхеташонан дакъалацархошна хьалха къамел деш Россин Президентан Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Володин Вячеслава къаьсттина билгалдаьккхира мехкан куьйгалхочо адамийн бакъонаш ларъяран гIуллакхаш хаддазчу тергонехь латтош хилар, – бохура Н.Нухажиевс. – Кхин цкъа а тIечIагIдира, махкана адамийн бакъонаш ларъяран векалан санехь гIуллакх деш йолу йозуш йоцу институт оьшуш хилар. ЛадугIуш берш резахилла бара цо динчу дIахьедарна: «вайна оьшу, шайна хьаькам ца лоьхуш болу, санехь гIуллакх деш болу нуьцкъала векалш». Цо кхетош довзийтира федеральни центрана тхоьгара, адамийн бакъонаш ларъяран векалшкара, хIун оьшу бохург, оха тхешан болх муха дIабахьа беза бохург. Таханлерчу чолхечу хьелашкахь махкана оьшу векалийн нуьцкъала йозуш йоцу институт. ХIунда аьлча, социально-экономически халачу хьелашкахь Iедалан а, юкъараллин а юкъаметтигаш чIагIъярехь цо лелош долу маьIна Iаламат доккха хиларна.
Нохчийн Векала иштта хаам бира герггарчу хенахь векалан институтан балхахь хила тарлуш болчу хийцамех лаьцна. Ша аьлча, кечъеш йолчу законан керлачу редакцехь билгалдеш ду бакъонаш ларъяран векалан декхарш хаъал алсамдахар, финансийн декъехь а тIехь цуьнан возуш цахилар кхин а алсамдаккхар. Цо иштта билгалдо кхочушдаран Iедалан органашкахь кхуллуш йолчу юкъараллин ерриге а кхеташонашкахь, Халкъан фронтан боламан векалша санна, адамийн бакъонаш ларъяран векала а дакъалацар. Цул сов, векалша таллам баран маьIна лакхадаьккхина хир ду, юкъараллин терго латторан комиссийн декъашхой билгалбахарехь а.
Адамийн бакъонаш ларъяран векалша жигара дийцаре дира социально-экономически гIуллакхаш а. Россехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала Памфилова Эллас тидам тIебахийтира хан тоьхначарна балхаца кхачояран а, заьIапхошна реабилитаци яран а гIуллакхашна. Нохчийн Векала дийцарехь, цо иштта дийхира медицинин гIо дарна йолу адамийн бакъонаш ларъяран декъехь цхьаьнагIуллакхаш дар а.
Тидамза ца дисира кхеташонехь адамийн бакъонаш ларъяран декъехь ведомствошна юкъахь цхьаьнагIуллакхаш дар а, оцу балхахь бакъонаш ларъяран векална а, юстицин органашна а юкъахь хила езаш йолу зIенаш чIагIъяран гIуллакх а. Билгалдехира тIейогIучу хенахь Россин Федерацин субъекташкахь берийн а, предпринимателийн а бакъонаш ларъярехь дан деза гIуллакхаш.
Л.АБУБАКАРОВ.
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо