Шеман Iедалан эскарша лахка болийна Дамаскана гуонаха йолчу ярташкара «Иблисан пачхьалкхан» террористаш. Денна хIаллакбеш бу иттаннаш зуламхой.
***
Россин тIеман-космически ницкъаша 18-чу декабрера 23-гIа декабрь кхаччалц йолчу юкъана «Иблисан пачхьалкхан» 1 093 объектана тохарш дина, йохийна террористаш кечбеш йолу йоккха лагерь, шиъ мехкадаьттан база.
***
Иракан Iедалан эскарша Эр-Рамади гIали юккъера масех куп дIацIанйина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех. Уьш гIалара лахкар герггарчу деношкахь чекхдаккха Iалашо ю церан.
***
Стамбулан (Хонкара) аэропортехь эккхийтар дина. Цигахь цхьа стаг кхелхина, цхьана стагана чевнаш хилла. Оцу зуламах долу жоьпалла тIе ца лаьцна террористийн цхьана а боламо.
***
Отставке вахана Гуьржийчоьнан премьер-министр Гарибашвили Ираклий.
***
Индин премьер-министран М.Нарпендан Москвахь Россин Президентаца В.Путинца хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира шина пачхьалкхана юкъахь махлелор кхиоран гIуллакхаш.
***
Россин Президента В.Путина Пачхьалкхан Советан декъашхошца дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира юккъера дешар кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Эрмалойчоьнан а, Россин а оборонан ведомствийн куьйгалхойн барт хилла стигалахь дуьхьало яран (ПВО) система цхьаьна вовшахтохаран хьокъехь.
***
Россин МЧС-н машенийн ковр гуманитарни гIо эцна Донбассе яха новкъаяьлла селхана. Кхачанан сурсаташ а, Керлачу шарна совгIаташ а ду машенаш чохь.
***
«Газпромо» дозанал арахьарчу пачхьалкхашна газ йохкар декабрь баттахь 32 процентана алсамдаьккхина.
***
Россин Пачхьалкхан Думо стомара гуьйренан тIаьххьара кхеташо дIаяьхьна. Депутаташ Iаьнан каникулашка бахана.
***
Карарчу шарахь вайн махкахь инфляцин барам 13 процент гергга хирг хиларан хьокъехь хаам бина экономикин министерствехь.
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо