Иштта цIе йолуш керла гIуллакх дIадолийна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментехь. Цуьнан беркатах ирс эца йиш хир ю Нохчийчоьнан а, гуонахарчу регионийн а бахархойн. Керла юкъадаьккхинчу оцу гIуллакхца билгалдеш ду вайн республикерчу эвлаяийн зераташка лелар. Департаментан оцу мехалчу дIадолоран гIолаьцна кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, кегийрхойн юкъараллин организацеша.
Цуьнца доьзна департаментан директор Дадаев Ризван цхьаьнакхийтира оцу организацийн векалшца. Цо цигахь дийцира кегийрхой вайн эвлаяийн зераташка бигарх, эвлаяйин дахарх а, кхолламах а, Нохчийчохь бусалба цIена дин Iалашдарехь цара лелийначу маьIнех а лаьцна дийцаро кегийрхошкахь оцу эвлаяашка безам кхуллург хилар. Иза оьшуш хилар гойту Курчалойн районера Янг1улби-Хьаьжин зерат даго гIерташ цхьана кегийрхоша динчу зуламо а.
И санна дерг кхул тIаьхьа хилийта йиш яц вайн. «Вай динан мостагIашна дIагайта деза вайн эвлаяаш, шайхаш, устазаш вайна мел чIогIа беза. Оцу эвлаяийн хьехамаш бахьанехь ларделла, Нохчийчохь къадарин а, накъшбандин а тIарикъаташ, вайн ийман», – бохура Дадаев Ризвана.
Цо шен къамелехь билгалдаьккхира вахабиташа эвлаяийн хьокъехь харц хабарш даржош хилар, цара дуьйцург бакъ цахилар. Делилана Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIена хьадисаш а далош, цо къеггина гайтира, зераташка лела мегар дац бохуш, вахабиташа дуьйцуш дерг харц хилар. «Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бусалбанашка баьхна шайн пайхамарех, эвлаяэх деланаш бинчу керстанех тардаларх ларлолаш, церан кешнех къилбанаш ма делаш. Цо дихкина ца хилла зераташка лелар, мелхо а тIедожийна цига лелар, уггаре а хьалха шен коша тIе хIиттар. Делахь-хIета вай зераташка лела а деза, царах ирс эца хьовса а деза», – бохура Р.Дадаевс.
Цундела, оцу департаментан дIадолоран гIо а лоцуш, кегийрхойн организацеша а, дешаран учрежденеша а кест-кеста вовшахдетта деза кегийрхой зераташка бигаран гIуллакхаш. Вай дуьненна а дIагайта деза вайна вайн эвлаяаш, шайхаш, устазаш дукхабезаш хилар.
С.ХАСАНОВ
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо