Кремлерчу Коьртачу базалге

   ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин цIерпоштнекъан вокзалера Москва мехкан Коьртачу базалге дахана Нохчийн Республикера 48 бер. Кремлерчу Керлачу шеран даздаршка путевкаш елла белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчеран а, гIийла бохкучеран а доьзалшкарчу берашна, тIехдика доьшучу берашна, конкурсашкахь а, олимпиадашкахь а тоьллачарна, цигахь совгIаташ даьхначарна. Школахой шаьш деха сатийсинчу базалге новкъабаха а, цаьрга дош ала а веанера Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель, республикин экономика а, мохк кхиоран а, махлелоран а министр Магомадов Iабдулла. Дерриге а берашна дIасадийкъира цхьана кепара долу духар а, Керлачу шеран хIуманаш а, совгIаташ а.image-23-12-15-03-36

   Новкъахь, Дона-тIерачу-Ростовехь, царех иштта дIакхетар бу Россин Къилбан регионашкара церан нийсархой а, туьйранашкахь буьйцу турпалхой а: ГIура-Дада а, Лайаьзни а. Магомадов Iабдуллас дийцарехь, Къилбаседа Кавказан Федеральни округера а, Къилба Федеральни округера а 800 сов дешархочуьнга башхачу туьйране некъ байтархьама, леррина йолу берийн цIерпошт къастийна. Цо бераш Москва дIадуьгу Керлачу шарна кечйинчу керлачу вагонашкахь. Царна хIоттийна кхачанан леррина йолу меню. Ткъа пачхьене некъ самукъане хилийтархьама, билгалдина ду викторинаш, ловзарш, конкурсаш, кхидолу ловзарш дIадахьар.

ЦIерпошта тIехь вайн школахошца бу нохчийн полицин белхахой, лор-педиатр, дешаран а, культурин а белхахой, психолог, берийн медйиша, Нохчийн Республикин Правительствон жоьпаллин векалш. Билгалдаккха деза, Кремлерчу базалган даздарш Москвахь шоьтадийнахь, 26-чу декабрехь дIахьуриг хилар. ХIора шарахь цигахь шатайпа концерт хIоттайо. Амма, мехкан коьртачу спектаклан тема, гуттар а санна, къайлах юьту. Хууш ду хьовсархой цхьана хеннахь кхаа зала чохь хирг хилар. Уьш хир бу «Гербан» зала чохь. Цигахь лаьтташ хир ю базалг, дIахьур ю хелхарийн конкурсаш. «Паркетан» зала чохь дIаяхьа билгалйина аттракционаш а, шоу-программа а. Ткъа коьрта концерт берашна гур ю «Хьовсаран» зала чохь. Нохчийн Республикерчу берашна мехкан пачхьенехь йоккхучу хенан программехь иштта билгалдина ду Москвахула экскурси яр а, вежарийн ЗапашнойгIеран циркехь Керлачу шеран даздаршкахь хилар а. Бераш цIадогIур ду шинарийн дийнахь, 29-чу декабрехь.

 

С.ЛАЛАЕВ

 

№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: