2015-чу шарахь Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствос 3,1 миллиард соьмана некъаш дехкина, цу юкъахь ду федеральни бюджетера цхьа миллиард гергга а, республикин бюджетера ши миллиард сов а сом ахча.
Цу хьокъехь, чекхдолучу шеран жамIаш деш, хаам бира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара.
Бюджетера ахча тIехьажийнера Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла, Ойсхара – Курчалойн-Эвла – Мескер-Эвла, НогIамирзи-Юрт – Лаха-Невре – Аьхкин-Борзе, Эна-Хишка – Соьлжа-ГIала некъаш тодарна а, СогунтIа – Хошкалда некъ билларна а. Цул сов, Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла некъан 32-чу километрехь дан долийна доккха тIай.
Кху шарахь боккха тидам тIебахийтинера М-29 «Кавказ» федеральни некъ тобарна. Нохчийн Республикехь йолу цуьнан йохалла 121 километр ю, цундела регионна доккха маьIна долуш некъ бу иза.
Дагадоуьйту, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Россин транспортан министерствона хьалха хIоттийнера лакхахь билгалбаьккхина федеральни некъ, Гуьмсехула боцуш, тобаран г1уллакх (карарчу хенахь Гуьмсехула боьдуш бу иза). Россин транспортан министерствос къобалдира Кадыров Рамзана билгалдаьккхина гIуллакх.
Кху шеран декабрь бутт юккъе боьдуш схьадиллира М-29 «Кавказ» некъ Гуьмсера арабоккхуш бинчу некъан хьалхара дакъа (15 км. гергга). Некъ схьабелларехь дакъалецира Россин Федерацин транспортан министра Соколов Максима а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Министра хIетахь билгал ма-даккхара, оцу некъан керла дакъа схьаделларо Гуьмсенна а, ерриге транскавказан магистралана а кхиа таронаш лур ю.
«Кавказ» некъ Гуьмсера арабаккхаран проект (ерриге а) 34 км. некъана лерина ю. Беккъа цхьа некъ билларал сов, проектана юкъадогIуш ду 5 тIай а, транспортни дIасахьовзар а, газан а, тоькан а линеш тояр а, иштта кхиболу белхаш а. Проект кхочушйинчул тIаьхьа Гуьмсан а, Курчалойн районан цхьайолчу яртийн а юкъарчу урамашкахула лелаш йолу машенаш лахлур ю.
А.Тумхаджиевс дийцарехь, некъаш дахкарца цхьаьна ярташка чувоьду меттигаш а, некъийн йистош а тойина, тайп-тайпанчу районашкахь урамаш а тодина.
«Республикин некъийн дакъа кхиор республикин экономика а, социальни дакъа а кхиарца дуьххьалдIа доьзна ду. ХIора шарахь лакхабовлуш бу некъийн а, тIайн а дикалле болу лехамаш. Нохчийн некъашдахкархойн юьхькIомана, заманан лехамашка хьаьжжина, Россин уггаре а кхуьучу регионел тIаьхьа ца дуьсуш, болх бан аьттонаш бу вайн. Таханлерчу дийнахь вайн некъаш махкахь а тоьлла лерина», – элира А.Тумхаджиевс.
А.СУЛИМАНОВА
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо