Масех де хьалха доккха дезде дара эвтархойн. Цигахь схьадоьллуш дара, шен исбаьхьаллица юрт къагийна долу маьждиг. Цунна эвлаяан Бамат-Гири-Хьаьжин (Iовдин) цIе тиллира. Эвтархойн дезачу дийнехь дакъалоцуш хиллачу безачу хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийчоьнан Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, регионан куьйгалхочун хьехамча Шахидов Адам, цхьамогIа кхиберш.
Эвтарара а, вайн республикин кхечу ярташкара а эзарнаш бусалбанаш вовшахккхеттера цигахь. Царна хьалха къамел дира Кадыров Рамзана. «Таханлера де хаздина, къагийна хIокху юьртахь нохчийн везачу эвлаяан цIарах исбаьхьа маьждиг схьадоьллуш хиларо. Бакъонца, эвтархойн дозалла хилла дIахIуттур ду хIара маьждиг. Юьртахь уггаре а мехала гIишло хир ю хIара. Маьждиг шайн Iамалшца, Iибадаташца эвтархоша кхин а хаздийриг хиларх тешна ву со», – элира цо.
Иштта, Кадыров Рамзана дагадаийтира Бамат-Гири-Хьаьжа шен дахарехь берриге а бусалбанашна Далла Iамалш ярехь, Далла гIуллакх дарехь къеггина масал хилла лаьттина хилар. «Бамат-Гири-Хьаьжас адамашка кхайкхамаш бина бертахь дахар, вовшашца дика, собаре, маслаIате хилар, вовшашца къинхетаме хилар, диканиг даржадар доьхуш. Бусалба цIена дин хьехна цо. И бахьанехь паччахьан Iедало махках а ваьккхина иза. Делахь а цо дина дика гIуллакхаш ца дайна. Цуьнан эзарнаш мурдаш бу Нохчийчохь а, цул арахьа а. Цуьнан цIарах урамаш ду, дешаран кхерчаш ду, маьждиг ду…», – бохура республикин Куьйгалхочо.
Бамат-Гири-Хьаьжин тIаьхьенех волчу Муслима Кадыров Рамзанна даггара баркалла элира хIара маьждиг дайтарна. Цунна совгIатна Сийлахь Къуръан а, эвлаяа лелийна Iаса а елира. Цунах боккха кхаъ хилира Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна.
Цул тIаьхьа кхузахь вовшахкхеттачу Iовдин а, Кишин-Кунта-Хьаьжин а мурдаша цхьа хаза зуькарш дира, делкъа ламаз а дира.
Дагадаийта лаьа хIара маьждиг Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан чоьтах дина хилар, маьждигехь пхи эзар стеган жамIатехь ламаз дан аьтто хилар.
Д.АНАДЕВ
№147, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 25-гIа де, 2015 шо