Кху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарахчу республикин къоман библиотекехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин Парламентан хаамийн-аналитикин урхаллин куьйгалхочун, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан, поэтан Юсупов Русланан 60 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар. Иза дIахьош вара Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Борхаджиев Хож-Бауди. Поэт декъалван а, цунах лаьцна дош ала а баьхкинера: Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатель Батаев ГIайрасолта, Нохчийн Республикин Журналистийн союзан председатель Хатуев Ислам, халкъан яздархо Кусаев Iадиз, Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза, бевзаш болу яздархой, журналисташ, поэтан кхолларалла езархой, поэтан гергара нах.
Цхьаьнакхетар дIадолийра Юсупов Руслан къона волуш даьхна суьрташ тIехь долу ролик гайтарца.
Цул тIаьхьа вистхилира Кусаев Iадиз:
– Юсупов Руслан суна вевза дикка хан ю. ТI1еман шерашкахь вайн республикехь арадолуш «Гумс» газет бен дацара. Халчу хенахь, даха меттиг яцара, дала самукъа а дацара, тхо оцу редакцехь гуллора. ХIетахь суна иза журналист санна вевзира. Оцу газетехь тIамах лелочу харцонах лаьцна материалаш зорбатухуш Юсупов Русланний, Газиева Азий бен дацара. И материалаш язъяр бахьанехь дуккха а цатемаш хилла цунна. Амма иза къар ца лора. Бакъволу журналист бакъдерг дIаала майра а, говза а хила веза. Айса дуьххьара Русланан байташ ешча, со кхийтира иза дика поэт хиларх, литературина доккха совгIат хиларх. Русланах лаьцна дийца дуккха а дара, мел дукха дийцича а сов а хир дацара. Оьшучохь накъост, шен дешан да, дика поэт, бакъволу нохчийн къонах ву хьо. Дала декъалвойла, хьо санна болу кIентий ма эшабойла вайна!
Хьешашна а, поэтан кхолларалла езачарна а кхаъ хиллера поэтан «Души натянутые струны» цIе йолу керла книга зорбане яларх.
Суьйрене гулбеллачара билгалдаьккхира Юсупов Руслан дика журналист, поэт хиларал сов, халчу хенахь къахьегна журналист а, шеца адамалла йолуш, оьзда, гIиллакхе нохчийн кIант хилар. Нохчийн Республикин Журналистийн союзан а, Юкъараллин палатин а цIарах «Журналистикехь баккхий кхиамаш бахарна» сийлаллин грамоташца совгIаташ дира.
Цхьаьнакхетар дерзош вистхилира юбиляр: «Шайн хан йойъуш, со лара а лерина кхуза дахкарна Дела реза хуьлда шуна. Аш хIинца суна тIедожийна кхин а дика, жоьпалле а хилар», – элира цо.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Р.Юсуповн кхоллараллин суьйре
№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо