Элчанан (І.с.в.с.) весеташ

Шовзткъе кхоалгIа весет

ГIайгIа  дIаойу  а, декхар токхуш, гIодар доьху а доIа

Абу СаIид аль -Худрис  (Дела  резахуьлда  цунна) дийцина:

– Цхьана  дийнахь Делан  Элча  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маьждиг чу  вахара, ткъа  цигахь и тIенисвелира цу чохь хиъна Iаш волчу, шен цIе Абу Уммат йолчу, ша  ансарех  волчу  цхьана  стагана. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) оцу стаге  хаьттира: «ХIай  Абу  Уммат, ламазан хан а йоцчу хенахь, хьо маьждиг  чохь хиъна  Iаш ма го суна?». Абу Уммата жоп делира: «Сох хьаьрчина  гIайгIанашший, декхарашший ду, хIай  Делан Элча». Делан Элчано  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Сийлахь-Везачу  Дала хьан гIайгIа  дIайоккхур йолу  хIума   хьехий  ас хьуна? Хьо Iуьйренга  а, суьйренга   а  ваьлча, ахь ала: «АллахIумма инни аIузу бика  мина-ль-хIамми ва-ль-хьазан, ва аIузу  бика мина-ль-Iажзи ва-ль-касаль, ва аIузу бика мина-ль-жубни, ва-ль-бухли, ва аIузу мин гIалабатиддайни ва къахIриррижали» (ХIай Дела, Хьоьга со сингаттамххий, гIайгIанаххий Iалашвар  доьху ас, Хьоьга   со  гIорасиз  хиларххий,  малонаххий, бIаьрмецигаллеххий Iалашвар доьху  ас,  Хьоьга со декхарша  кIелвитарххий, дукхадолчу  хьолехь, божарий  кIелбуьтучу  хIуманеххий Iалашвар  доьху ас»). Абу Уммата  (Дела  резахуьлда цунна) бохура: «Ас  кхочушдира  Делан Элчано  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сайна  хьехнарг, тIаккха Сийлахь-Везачу  Дала дIаяьккхира сан гIайгIа, суна тIера сан  декхар а дIадаьккхира Цо».

(Абу Дауд)

Шовзткъе доьалгIа  весет

ДIавуьжучу хенахь  доьшу  до

Абу Iумарат аль-Барраъ ибн  Iазибас (Дела резахуьлда цунна) дийцира:

– Делан  Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «ХIай хьенех, хьо метта  волуш, ахь  ала: «АллахIумма асламту  насий  илайка, ва  важжахIту  важхIий  илайка, ва  фаввадту амрий илайка, ва альжаъту  захIрий илайка, рагIбатан, ва рахIбатан  илайка, ла мальжа-а  ва  ла  манжа  минка  илла  илайка, аманту  бикитабикаллазий анзальтахIу, ва  бинаббийкаллазий арсалтахIу» («ХIай  Дела, сайн дегI Хьуна   муьтIахь ди ас, сайн  юьхь  Хьоьга ерзий ас, сайн  болх Хьоьга  бели  ас, сайн букъ  Хьуна тIе товжий ас, Хьан Дикане сатуьйсуш а, хьан  Iазапах  кхоьруш а, Хьо  воцург  кхин  тIетовжа агIо а яц, я  Хьох ваьлла  ваха  меттиг а  яц. Ас ийман  дилли – Ахь  доссийначу  Къуръане а, Ахь  ваийтинчу  Пайхамаре  а»). Айхьа и дешначу буса  хьо лахь,  ислама чохь  а волуш  лийр ву хьо, ткъа нагахь  Iуьйренга  валахь, дика хир  ду хьуна».

(Бухари, Муслим).

Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо  вай  хIара тIаьхьадогIу  ши хьадис.

Хьалхарниг

Абу СаIид аль-Худрис (Дела резахуьлда  цунна) дийцира:

– Пайхамара  (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) элира: «Ша  метта волуш: «АстагIфируллахIаллазий ла илахIа  илла  хIува-ль-хьаййу-ль-къаййуму  ва  атубу  илайхIи» («Деле  гечдар доьху  ас, ша  воцург  кхин Дела  воцчу, даима а дийна волчуьнга, даима а лаьтташ  волчуьнга, Цуьнга  тоба до ас») аьллачунна къиношна гечдийр ду, хIорда  тIе  хIоьттинчу  чопин  барамехь уьш  делахь  а, диттийн гIашшийн  барамехь уьш  делахь а, гIамарийн  буьртигийн  барамехь  уьш  делахь а, дуьнен чохь  долчу денойн  барамехь уьш  делахь а».

ШолгIаниг

Анас ибн  Малика  (Дела резахуьлда  цунна) дийцира:

– Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) элира: «Ша метта  волуш, «АлхьамдулиллахIиллазий  кафаний  ва аваний, ва льхьамду лиллахIиллазий  атIIаманий, ва  сакъаний, ва льхьамду  лиллахIиллазий  манна  Iалаййа фа  афдола» («Далла  хастам  бу, суна  кхачо  йина волчу, со  тIелаьцна  волчу. Далла хастам бу, суна даар  делла  волчу, суна малар делла волчу. Далла хастам  бу, суна  дика дина  волчу, сох къинхетам  бина волчу») аьллачо, Далла хастам  би дерриге а  халкъо  бинчу   хастамашца».

(БайхIакъи)

Шовзткъе пхоьалгIа весет

Буьйсанна наб ца  кхетачо  дан дезарг

Зайд ибн Сабитас  (Дела резахуьлда цунна) элира:

– Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), со буса  наб ца кхеташ  ву  аьлла, сайн  бала  балхийра ас. ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Ахь  ала: «АллахIумма  гIаратиннужуму, ва  хIадаати-ль-Iуйуну  ва анта ла таъхузу Ка синатун  ва ла  навмун, йа  Хьаййу  йа  Къаййуму  ахIдиъ лайлий, ва  аним Iайний» («ХIай Дела, седарчий  дIадай, бIаьргаш  а  дIатий, ткъа Хьо ву-кх даима  а дийна   верг, даима а лаьтташ  верг. Хьо  дIа  ца  лоцу  набаран  таро  я набаро  а. ХIай  даима а дийна  верг, хIай  даима  а лаьтташ  верг, суна паргIат ехьа сан буьйса, сан  бIаьргана  наб кхетийтахьа»). Ас и  дешнаш  элира, тIаккха Дала со  дIацIанвира  сох йолчу  (наб  цакхетаран) сиркхонах.

(Ибн  Сулим)

Кхоччуш  пайда  хилийтархьама, даладо  вай  хIара  тIаьхьадогIу хьадис.

Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна), Халид ибн  Валидана  хIара  дешнаш  алар  хьийхира,  иза, наб ца кхеташ висинчу  хенахь: «АллахIумма раббассамаватиссабIи ва ма  азаллат, ва раббальарадина  ва ма  акъаллат, ва  роббашшайатIини  ва  ма адоллат, кун  жаран, мин  шарри халкъика  куллихIим  жамийIан, ан  йафрутIа Iалаййа  ахьадун  минхIум, ав  ан  йатIгIа, Iазза  жарука, ва  жалла санаука» («Я АллахI, ворхI  стигланан  сан  Дела, цара  IиндагI мел диначун а, латтанийн а Дела, цара хьала мел айинчун а, шайтIанийн  а, цара  мел  тилийначеран а Дела, Хьан мел долчу  халкъан  вуонах  со Iалашвеш  хилахь, цара  сан тIалам  цабарххий  я суна  зулам дарххий, Сийлахь ду-кх Ахь  Iалашвар, Деза ду-кх Хьо  хастор»).

Кхечу  хьадисехь ду:

«Ва табаракасмука, ва ла илахIа илла Анта». («Беркате ю-кх Хьан цIе, Хьо  воцург  кхин  дела  вац»).

(Тирмизи, ТIабрани)

Шовзткъе ялхолгIа  весет

Дуьне  дIатасар

Ибн Iумара (Дела резахуьлда цунна) дийцира:

– Сан белш схьа а  лаьцна, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Дуьненчохь, хийра   стаг  я некъахо  санна  хила  хьо, хьайн  дегI лара  кешнийн  охIланех».

Ибн Iумара (Дела резахуьлда цунна)  олура:

– Хьо  суьйренга  ваьлча – Iуьйрене   ма хьежа, хьо Iуьренга ваьлча – суьйрене ма хьежа, хьо цамгаро дIалацале – хьайн  могашллех  ирс  эца, хьо  валале – хьайн  дахарх ирс эца».

(Бухари)

Гулдинарг – Хьамзат  Мухьаммад Солихь  Іужаж.

Гочдинарг – Хатаев Руслан

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: