Дукха хан йоццуш Теркан районан Культурин цIийнехь «Наркотикашна дуьхьало» темина лерина «горга стол» хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министерствон халкъан кхоллараллин туьшан хаамийн-аналитикин отделан методиста Бакараев Iелас а, Теркан районан полицин куьпан векала Пайзулаев ИбрахIима а, оццу районан Къанойн кхеташонан председатела Дудаев Рамзан-Хьаьжас а, районан Культурин отделан куьйгалхочо Гиреев Руслана а, циггарчу №3 йолчу школин директоран кхетош-кхиоран декъехула заместитела Эльснукаев Iумара а, иштта меттигерчу кегийрхоша а.
Цхьаьнакхетар дIадолош, Бакараев Iелас гулбеллачарна дийцира наркотикех долучу зуламех а, цуьнан тIаьхьалонех а лаьцна. Цо дийцарехь Нохчийн Республикин наркологически диспансерехь хьесапе эцна барам лакхара бу.
Дудаев Рамзан-Хьаьжас кхайкхам бира кегийрхой наркотикех ларбаларехь само яр доьхуш. Иштта, цо билгалдаьккхира, Дала хьарам динчу оцу хIумане цхьаболу кегийрхой марзбалар, баккхийчу наха хала ловш хилар.
Р.Гиреевс шен къамелехь билгалдаьккхира, наркотикашна дуьхьал профилактикин болх жигар а боккхуш цхьаьнакхетарш кест-кеста вовшахтухуш хилча, кегийрхошна цара дикачу агIор тIеIаткъам бийриг хилар.
Цул тIаьхьа хьешашка хаттарш дан таро хилира меттигерчу кегийрхойн. Царна кхачам боллуш жоьпаш а делира цара.
З.ИСАЕВА
№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо