«Дахар лохьа»

  22-чу декабрехь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан студенташа Ерригкавказан  донорийн «ДагтIера даг тIе» аьллачу эстафетан декъа бахара «Дахар лохьа» аьлла кхайкхам бара маьхза цIий дIадаларан гIуллакхана.IMG_9901

   И гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, Пачхьалкхан «ЦIий доттаран республикин станци» учрежденица, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 70 шо кхачарна  вовшахтоьхначу волонтерийн региональни корпусан «Vita» туьшца цхьаьна.

И гIуллакх дика вовшахтоьхнера. Университетана юххе  тIеялийна яра цIий схьаэцаран станцин машен а. Муьлхха а донор хила аьтто болуш вара. ЦIий дIадала баьхкинчеран могIарехь бара Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Ахмадов ШахIид, кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Тагиев Мурат. Станцин лоьраша дукха хаза, гIиллакхехь тIеоьцура донорш. ЦIий дIадалале хьалха анализаш дIаелира цара, цIийн группа билгалъяккхаран Iалашонца. Хазахеташ дара цIийн тесташ массеран а юьхькIам болуш хилар. «ХIара тайпа маьхза цIий дIадаларан гIуллакх дуьххьара деш дац, шарахь моссийттазза вовшахтухуш ду. Могашалла дика йолчаьрга, къаьсттина кегийрхошка, кхайкхам бо оха хIара санна дикачу гIуллакхана тIехь жигара дакъалацар доьхуш», – элира М.Тагиевс.

Республикин цIийдоттаран станцин коьртачу лоьро Татаева Зураа дийцира цхьана шарахь вайн республикин больницашкахь цIий  мел оьшу а, иза шена девзаш доцчу адамна сагIийна далар мел доккха гIуллакх ду а.

«Аш цIий дIадалар бахьанехь дуккха а нехан дахар кIелхьара даккхалур ду», – элира З.Татаевас.

ЦIий дIадаларан «Дахар лохьа» гIуллакх вайн республикехь донорствон боламан могIарш  алсамдахаран Iалашонца вовшахтоьхнера. Таханлерчу дийнахь, доноршна юкъахь уггаре а алсам жигархой – студенташ бу.

З.ХИЗИРОВА

Авторан суьрта тIехь: ЦIий дIадаларан гIуллакхан дакъалацархо

№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: