ЗаьIап берийн самукъадаьккхира

Ламаст хилла схьадогIуш ду, Керла шо тIедогIуш хиларца доьзна, ТIехьа-Мартан районан Берийн кхоллараллин цIийнехь   хIора шарахь заьIап берашна лерина концерт гайтар.IMG-20151223-WA0010

   Иштта, хIокху деношкахь а  дIадаьхьира оцу цIийнехь заьIап берашна лерина даздарш. Уьш  вовшахтоьхнера лакхахь хьахийначу цIийнан директора Бериева ПетIамата а,  белхахоша а. Цу тIехь царна доккха гIо-накъосталла дира «Дегайовхонан цIа» гIоьналлин организацин векалша. Билгалдаккха лаьа, оцу организацин декъашхой Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Казахстанера а, Узбекистанера а, Дагестанера а, ГIебартойн-Балкхаройчуьра а хилар.

ТIехьа-Мартан районера заьIап берашца  цига баьхкинера церан наной. ТIедуьйхина хаза духарш а долуш, кечделла дара  бераш. Шайна лерина даздарш вовшахтохарх баккхийбеш бара уьш, церан хазахетаран доза дацара. Берийн  самукъадалийта «Дегайовхонан цIа» гIоьналлин организацин декъашхоша культурин программа кечйина  ца Iаш, Керлачу шарна совгIаташ а делира царна.

Цул тIаьхьа, Берийн кхоллараллин цIийнан белхахоша  шатайпана концерт гайтира, шайн актерийн говзалла а гойтуш. Уьш туьйранан турпалхойн духаршца кечбеллера: ГIура-Дада, Лайн-Аьзни, Жоьра-Баба, и.дI.кх. Бераша а жигара дакъалецира  концертехь. Цара эшарш лийкхира, байташ йийшира, хелха а бевлира.

Берийн кхоллараллин цIийнан директоран заместитела П.Халиковас Керлачу шарца декъалдира  бераш. Ткъа церан наноша баркалла  элира  концерт вовшахтоьхначарна. Цул тIаьхьа, туьйранан турпалхошца цхьаьна безамна суьрташ дехира бераша. Еххачу хенахь церан иэсехь дуьсур ду и цхьаьнакхетар.

З.ХАСИЕВА

Авторан суьрта тIехь: ТIехьа-Мартан районан Берийн кхоллараллин цIийнехь.

№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: