Дадашев Iабдулла дика вевзаш яздархо ву вайн махкахь а, махкал арахьа а. Тахана вайна юкъахь вацахь а, иза вайга хьехавойтург а, дагалоьцуьйтург а цо нохчийн литературехь йитина бIаьрла произведенеш ю. Уьш тайп-тайпанчу жанрашкахь язйина Iабдуллас: очеркаш, дийцарш, повесташ, романаш. Язъян дукхах болу яздархой санна, стихаш тIера дIаволавелла иза. Амма зингатан когах Iоттаделла кIохцал хаадаллал сема, гуонахарчу дахарехь массо хIуманна тидам хуьлуш волчу Iабдуллина поэзи ца тоьара, шен лазам, Iаткъам бовзуьйтуш, дош ала. Цо прозехь лехира и некъ. Иза цунна кара а бира.
XX-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь волавелла Iабдулла прозехь болх бан а, зорбане вийла а. Юьхьанца кегийчу дийцаршна тIера дIаволавелира, забаре дийцарш а дара, сатира а хаалора. Амма дукха хье ца луш, жигара къахьегарна, Iабдуллин аьтто хилира 1966-чу шарахь повестах а, забаречу дийцарех а лаьтташ «Хьо вац сан да» цIе йолу шен книга арахеца. Цул тIаьхьа, шен оьмарехь автор лараво кхин иттех книга зорбане яккха. Царна юкъахь ю «Кхайкхаза хьаша», «ГIалат», «Цхьана буьйсанна», «Пондаран тIаьххьара аз», «Лаьмнашка некъ», «Зойрбекан шовда», иштта кхиерш а. Автора тIаьххьара арахецнарг ю «Цакагбелларш» роман-трилогин хьалхара книга. ШолгIаниг «Юхадерзар» цIе йолу роман чекхъяккха кхиира автор, амма зорбанехь и ган доьгIна ца хиллера цунна. Иза араелира 2012-чу шарахь, Iабдулла вайна юкъара дIаваьллачул тIаьхьа, ши шо сов зама яьлча. Вуьшта аьлча, трилоги чекхъяккха дахар ца тоьира авторна.
Дадашев Iабдуллин кхолларалла ерриге а ешна, цуьнан хьесап дича, уггаре а хьалха билгалдолу дахар – иза къийсам хилар. Яздархочуьнгахь кхин цхьа мехала агIо а хаало: цо шена гинарг, хезнарг, я ша лайнарг бен яздеш цахилар а, цхьанна а шен произведенехь бакъдолчу дахаран гурара иза волуш цахилар а.
Автора шен произведенешкахь гуттар дуьхь-дуьхьал хIиттош ду бакъо – харцо, гIиллакх – сонталла, оьздангалла – куралла, хьанал къинхьегам – хьарамло, тешам – тешнабехк.
Масала, «Цакагбелларш» романа тIехь, юьххьехь, 1944-чу шеран 23-чу февралехь нохчий махкахбахарца дIайолаелла харцо бакъонах дера лета, иза эшо, ен гIерташ, чекхъяллалц, кхойтта шарахь. Эххар харцо ша оьшу, нохчашна Хрушевс цIа дахка бакъо а луш, цара дукха сатийсина Даймохк юха а кхачош. Амма бакъонах йоккха киртиг йоккху харцоно, оцу хийрачу, шийлачу махкахь дуккха а эзарнашкахь адам хеназа Iожаллин бага а кхуссуш, цу тIера коьрта турпалхо жима стаг Iумар а цхьаьна.
ХIокху хьалхарчу декъа тIехь, нехан коьрта Iалашо мацалла цабалар, хене бовлар хиллехь, «Юхадерзар» цIе йолчу шолгIачу книги тIехь вайна го, халкъан Iалашо мелла а хийцаелла хилар. Нахана, Даймахкахь мел харцо хиларх а, «цаваллал», «хене валлал» бохуш, Iер-дахаран хьелашна дозанаш деттар ца деза. Цара хIинца лоьхург хьанал къинхьегам, дешар, Iилма Iамор, хьаша-да тIеэца а юьхькIам боллуш, гIишлош таръяр ду. Амма, оцу Iалашоне кхача хIумма а кIезиг дуьхьалонаш херцо ца деза, хийрачу махкахь кхойтта шо а текхна, Даймахка цIадирзинчу халкъан. Къаьсттина, Соьлжа-ГIала а, цунна гуонахарчу меттигашка а цIа бирзинчу нехан. Iедал, кIеда аьлча, тIера дацара гIалахь нохчашна пропискаш ян а, заводашка нохчий балха дIаэца а, пропискаш яц боху «бахьанаш» а хIиттош. Амма нах Даймахкахь къахьега хьаьгна бара, цара эххар, харцайой, хьошура муьлхха а дуьхьало. Уьш хIинца цIахь бара. Кхузахь Iедалан белхахоша ечу харц дуьхьалонашца къийсам дIахьош, нехан аьтто беш кхин цхьа агIо ю уггаре а коьртачех – нохчийн интеллигенци кхуьуш хилар, церан Iилманийн хьежамаша лакхенаш йохуш хилар.
«Цакагбелларш» декъа тIехь автора гойту нохчий махках бохуш, новкъахь хала киртиг тIехIоьттина, сацам тIеэца безачохь нохчийн интеллигентан а, дешаза, амма оьздачу нохчичун а кхетамийн башхаллаш. Цаьршиннах цхьаъ ву хьехархо-историк Дача, шолгIаниг – колхозник Абусолта. Цхьаъ вукхунах тера а доцуш, шен-шен васт хIоттадо автора оцу шина турпалхочун. Масала, Дачина Iедал а, цуьнан амалш а дика евза. Иза интеллигент ву, цунна хаьа шен къомана тIехь тахана еш йолу гIело, иза дуьххьара йоций а, дуьхьал дIа а хIоьттина, цуьнца къийса йиш йоций а. Абусолта колхозник ву, ойла ян хууш а, Дачина санна, шен къам дезаш а, цунах дог лозуш а. Иштта, цаьрца цхьана вагон чохь волу воккха стаг Садо а ву шен юьртахь лараме, хьекъале къано. Шен дахарехь дуккха а хIуманаш гина а, лайна а ву Садо. Iожаллин бIаьра хьежна а. Делахь а, бехачу новкъахь, денна чуьра ара а дохуш, лайла теIош декъий гича, шен дахарехь дуьххьара гIорасизаллин бIокъажор нисло цуьнан. Абусолте дехар-весет до цо, ша дIа ца вуллуш цавитар доьхуш.
Садо дахарх къаьстича, Абусолтас цуьнан весет кхочушдан кечам беш, Дача мосуьйттазза а иза шен некъах юхаваккха гIурту. Иза тешна хуьлу Абусолта ша а Iожаллин буйна воьдуш хиларх. Доьзалан ойла яр а доьху цо. Амма Абусолтин кхетамехь весет кхочушдан делла дош деза ду дахарал а, дуьнен чохь мел долчу хIуманал а.
Некъан бохалла цхьа а дIаволла ца хилла аьтто Садо дIаволла Абусолтин хир бу бохучух я Дача а ца тешара, я Абусолта ша а. Динарг весет дара. И кхочушдар я, и кхочушдеш, Iожалла тIеэцар. И сацам бу Абусолтин кхетамна бевзарг.
Ткъа Дачас Абусолте, хьайн дахар «кхоже» а диллий, доьзал Iожаллин бага ма кхосса, велларг велла ваьлла боху. ХIинццалц кхелхинчарна санна (тIе ло а хьаькхна), ницкъ кхочург дина, ца Iийча ца волу боху. Дачина хаьа шайна хьалха лаьтташ кхин а яккхий халонаш хир юй а, уьш лан шайна ницкъ оьшур буй а.
Кхузахь вайна билгалдолу-кх дешаза волчу Абусолтинчул интеллигентан Дачин кхетам мелла а лакхара хилар. Цунна, ишттачу меттехь дийна виснарг кхоа а веш, дахаре гечо лаха дезий хаьа, уггаре а хьалха, еш йолу ойла а собаран урх лаьцна ян езий а. Ша историк хиларе терра, хаьа тIеман хенахь къинхетамна а, оьздангаллина а, йохьана а дахарехь муьлха меттиг кхочу, уьш хьанна юьсу… Ткъа и хьесапаш Абусолтина жимма хийра ду, и историк вац, я дешна а, я генна хьалха хьежа везий хиъна а. И нохчи ву, гIо эшначунна хьанна а орцахвала кийчча а, хьанал къахьегар бен кхин гуьнахь доцуш а.
ТIеман тематико а йоккха меттиг дIалоцу Iабдуллин кхоллараллехь. Цу чу йогIуш ю цуьнан дуккха а произведенеш: «Доьналла», «Чевнаш йоьрзу», «Бекхам», «МостагIчун тылехь», «Кхайкхаза хьаша», «Карийна къайле», «ТIеман лараш», «Ракетчик лачкъор», «Днепран турпалхо», «ТIеман некъаш», иштта дIа кхин а произведенеш. Автора деган лазамца а, дог чIагIлуш а, исбаьхьаллин васташца, говзачу маттаца довзуьйту вайна фашисташца нохчийн кIентийн майра летар. Украинин а, Беларуссин а фронташкахь уьш мостагIех майра леташ, толамашца Малхбален Европе а, эххар Берлине а кхачар.
Дадашев Iабдуллин кхоллараллехь уггаре а йоккха а, коьрта а меттиг дIалоцуш бу къинхьегам. Авторна стеган кхане а, дерриге дахар а хьаналчу къинхьегамца бен ца го. Цунах къехкаш верг юкъараллина зуламе хилар гойту цо шен произведенешкахь. Адамна хьаналчу къинхьегамехь бен, шен дахарехь нийса некъ каро йиш цахиларх а, тIамехь маршо санна, дахарехь зуламхошца иза къийса дезаш хиларх а, дешархо тешош сурт хIоттадо автора.
Нагахь санна, «Юхадерзар» романехь нохчийн къинхьегаман стагана балха дIахIотта Iедалан белхахошкара-хьаькамашкара яккхий дуьхьалонаш хуьлуш хиллехь, «Лаьмнашка некъ», «Зойрбекан шовда» дилогехь, хьаналчу къинхьегаман стагана кхиамаш баха дуьхьалонаш хуьлу ишттачу нахера. Белхан меттигашкахь, наггахь Iотталуш доцуш, и хьал даьржина хилар а билгалдоккху автора.
Масала, «Лаьмнашка некъ», «Зойрбекан шовда» дилогехь 70-чу шерашкахь вайн республикерчу колхозашкахь, совхозашкахь пачхьалкхан планаш кхочушъеш бечу белхан кеп ма-ярра йовзуьйту автора, цу заманахь ма-хиллара сурт а хIоттош. Автора вайна бовзуьйту къинхьегаман жигархой: Султан, Зулай, механизаторш Юнус, Зайнди, хьелиозархо Макка, слесарь Гриша, парторг Шама, массо а хIуманан тIалам бар дезаш волу воккха стаг, хехо Зойрбек. Совхозан директор Джамалов Сайда, хьанал къинхьегамхо хилла ца Iаш, говза реформатор ву. Пачхьалкхана миллион сом декхар йолу совхоз, иза директор дIахIоьттина ши-кхо шо далале, районехь а тоьлла бахам хуьлий дIахIутту. Амма районан куьйгалхочун партийни хьежамийн а, Сайдин реформаторски гIулчийн а къовсам бу массо а хенахь. «Хьалхарчунна» ца еза ша тIекхуьуш воцу реформаш. Цунна Сайда а, биснарш санна, дIабоккху ког шега а хоттуш, шен «бага хьаьжжина» хила лаьа. План цхьаболчара болх ца бича а йора кехаташ тIехь, къаьсттина «хьалхарчарна» «бага хьоьжучара».
Детективни жанрехь язйина произведенеш ю авторан: «Цхьана буьйсанна» повесть а, «Пондаран тIаьххьара аз» очерк а. Иза нохчийн литературехь боккха кхиам хилла дIа а хIоьттира. ХIунда аьлча, оцу жанрехь бина белхаш кIезиг бара, ткъа Дадашевн муьлхха а произведени санна, аьхначу маттахь, дешархочуьнга атта ешалуш, иза шена чуозош яра и произведенеш а. «Цхьана буьйсанна» повесть НГIАССР-н МВД-н язъярна Сийлаллин грамотица совгIат а дира авторна 1976-чу шарахь.
Дадашев Iабдуллин кхолларалла хьеха мел йо а, шех лаьцна ала дош долуш ю, шен дешархочунна еша а, кхета а аьхначу предложенешца. Кхечу яздархойх къаьсташ, шен литературни хатI долуш а ву Iабдулла. Цуьнан произведенешкахь диалогаца турпалхойн кхачам боллуш амал гайтарца а, и диалог кхечу яздархочул Iабдуллас алссам пайдаоьцуш гаро а хоьуьйту иза говза прозаик хилла ца Iаш, драматург а хилар. Ала догIу, шен дахаран тIаьххьара де кхаччалц Iабдуллас жигара дакъалецира республикин литературин дахарехь. Яздархоша баркаллица дагалоьцу Москвахь Мамакаев Мохьмадан юбилей язъярехь цо боккха болх бина хилар. Исбаьхьаллин дашца шен халкъана хьанал ваьцначу яздархойх цхьаъ ву Дадашев Iабдулла. Нохчийн литературин исторехь яха йисина цуьнан цIе.
С.ТАКАЛАШОВ
№148, шот, гIуран (декабрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо